2 Samuel 8
Даудан тӀеман толамаш
(1 Шерашкахь 18:1-17)
1Цул тӀаьхьа Дауда пӀелаштамхошна тӀехь толам баьккхира. Иштта, цо пӀелаштамхойн карара цу лаьтта тӀехь хилла олалла схьадаьккхира. 2Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тӀе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дӀабехира, ткъа кхозлагӀчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш. 3Рахьубан кӀант ХӀадад-Ӏезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра. 4Цо цуьнгара цхьа эзар ворхӀ бӀе бере а, ткъа эзар тӀемало а схьаваьккхира. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо. 5Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира. 6Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура. 7ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Дауда Ярушалайме схьадеара. 8ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу Тебахьара а, Бератай-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира. 9Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла. 10ТӀаккха ТоӀас шен кӀант Йорам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, Йорама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара. 11Уьш а Дауда Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара схьа мел даьккхина долу хӀума санна, 12эдомхошкара ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: эдомхошкара. Ӏебархойн тептар тӀехь: арамхошкара.
а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кӀантера ХӀадад-Ӏезарера ша схьадаьккхинарг санна. 13 bДуьрачу тогӀи чуьра, берхӀитта эзар эдомхо ▼▼Эдомхо – иштта ду цхьадолчу ширачу тептарш тӀехь. Амма Ӏебархойн тептар тӀехь: арамхо.
а эшийна, Дауд юхавирзича, цуьнан чӀогӀа сий деш цӀе яккха йолийра. 14Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура. 15Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд. 16Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо вара. 17Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Сари-ЯхӀу йозанчин болх беш вара. 18ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний ▼▼Кератхой, палетхой – кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.
тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчаш ▼▼«1 Шерашкахь» 18:17 а хьаьжна: паччахьан хьехамчаш. Ӏебархойн тептар тӀехь: динан дай.
бара.
Copyright information for
CheCAC2012