‏ 2 Samuel 12:27-31

27Йоаба Дауд волчу геланчаш бахийтира хаам эцна: «Аса, Рабба-гӀалахь тӀом а бина, кхузара хи долу меттиг схьалаьцна. 28Бисина болу эскархой схьа а гулбай, гӀалина тӀе а волий, иза схьаяккха. Нагахь санна иза аса схьаяккхахь, цунна сан цӀе тилла езар ю». 29Дауд, массо а эскархо схьа а гулвина, Рабба-гӀала вахара, цо тӀамца иза схьа а яьккхира. 30Дауда церан паччахьан коьртара
Церан паччахьан коьртара – я иштта: МилкӀом-цӀун коьртара.
деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж цхьа гали деших дина дара. И таж Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара.
31Дауда, Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь и тайпа белхаш дӀахӀиттийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.
Copyright information for CheCAC2012