2 Samuel 15
Абушаламна Даудера паччахьалла схьадаккха дагадогӀу
1Цул тӀаьхьа Абушалама шена гӀудалкхаш а, говраш а, шена хьалха сиха лелаш волу шовзткъе итт стаг а нисвира. 2Иза, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀоттий, гӀалина чувогӀучохь лаьтташ долчу кевнна уллохь дӀахӀуттура. Шена уллохула паччахьна тӀе цхьа гӀуллакх эцна воьдуш волу стаг гича, иза тӀе а кхойкхий, Абушалама хоттура: «Хьо муьлхачу гӀалара ву?» Нагахь санна стага «Исраилан халкъана юкъарчу ишттачу тайпанара хьан лай ву» аьлча, 3цо олура: «Ахьа деана гӀуллакх дика а, нийса а ду, амма паччахьан цӀарах хьоьга ладогӀа стаг вац». 4Цо кхин а тӀетухура: «Со мехкан кхелахо харжахьара, хӀора стагана гӀо дан аьтто хир бара сан. Цхьа гӀуллакх дахьаш сайна тӀевеъначу муьлххачу а стеган гӀуллакх нийса къастор дара аса». 5Нагахь санна шена корта тоха цхьаъ тӀевеача, куьйгаш хьалха дӀа а дохуьйтий, цо иза мара вуллура, цунна барт а боккхура. 6Иза паччахь волчу веанчу массо а исраилхочунна, цу тайпана тӀекара а волий, дуьхьалволура. Абушалама дуккха а болчу нехан дегнаш шена тӀедерзийра. 7Диъ ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: диъ шо. Ӏебархойн тептар тӀехь: шовзткъа шо.
шо даьлча, Абушалама паччахье элира: «Со Хьевроне вахийтахьара ахьа. Везачу Элана дина долу нигат кхочушдан воллура со. 8Арам-махкахь йолчу Гешурахь со Ӏаш волчу хенахь аса нигат дира: „Нагахь санна со Везачу Эло Ярушалайме юхаверзавахь, аса Цунна Хьевронехь ▼▼Хьевронехь – иштта цхьадолчу грекийн гочдарш тӀехь тӀетоьхна ду.
Ӏамал йийр ю“», – аьлла. 9Паччахьо цуьнга элира: «Маьрша гӀойла хьо». Абушалам, хьала а гӀаьттина, Хьевроне дӀавахара. 10Исраилан халкъан массо а тайпанашка цо шен хьадалчаш дӀасабахийтира. Цо царна тӀедиллинера: «Нагахь санна шайна цхьанхьа коьман маӀа локхуш хазахь, аша ала деза: „Абушалам Хьевронехь паччахь хилла дӀахӀоьттина!“» 11Абушаламца ши бӀе стаг вахара Ярушалаймера. Цо цаьрга, шеца дуьйла аьлла, кхайкхинера, ткъа цу нахана, шеко йоцуш, кечдинчу гӀуллакхех хӀумма а ца хаьара. 12СагӀа доккхучу хенахь Абушалама шена тӀе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гӀалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чӀагӀлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара. Дауд а, цуьнца хилларш а Ярушалаймера бевдда дӀабахар
13Дауд волчу веанчу хаамчас цуьнга элира: «Исраилхойн дегнаш Абушаламна тӀедирзина». 14Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагӀовтта, девдда дӀагӀур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кӀелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дӀадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гӀала а хӀаллакйийр ю, адамаш а дойур ду». 15Паччахьан ялхоша элира: «Оха ахьа мел бохург дийр ду, тхо хьан леш ду». 16Паччахь, ара а ваьлла, шен цӀахь мел волчу стагаца гӀаш дӀавахара. Цо шен цӀахь итт гӀарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цӀа Ӏалашдайтархьама. 17Паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀаш ара а даьлла, тӀаьхьарчу цӀенна уллохь сецира. 18Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тӀех а буьйлуш, дӀаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а ▼▼Кератхой, палетхой – кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.
, цуьнца Гати-гӀалара схьавеана волу ялх бӀе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дӀавоьдуш вара. 19ТӀаккха гатихо волчу Ите паччахьо элира: «Хьо хӀунда вогӀуш ву тхоьца? Юха а верзий, цу керлачу паччахьца саца. Хьо тӀевеана стаг ву, хьайн махкара араваьлла волу. 20Селхана схьавеана волу хьо, аса тахана тхайца, дӀа а вигна, хьийзор ву моьтту хьуна? Суна со кхана мичахь хир ву ца хаьа, цундела, хьайн вежарий схьа а эций, дӀагӀо. Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда. Ӏебархойн тептар тӀехь: Баккъалла болу тешам хуьлда хьоьца.
». 21ТӀаккха Итас Дауде элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, сан эла волчу паччахьах а дуй боу аса, сан эла волу паччахь я дуьнен чохь, я эхартахь хилахь, иза воллучохь хир ву-кх цуьнан лай верг а». 22ТӀаккха Дауда Итига элира: «Схьавало соьца». Гатихо Ита а, шен берриг нахаца а, берашца а Даудана тӀаьхьахӀоьттира. 23Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Ӏоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агӀор дӀабахара. 24ЦӀадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тӀорказ схьадахьаш богӀуш бара. ТӀорказ охьахӀоттийча, Абу-ЯтӀари, берда тӀе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гӀалара арабовллалц. 25Паччахьо ЦӀадукъига элира: «Делан тӀорказ гӀала юха дӀахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тӀорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю. 26Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна». 27Цул тӀаьхьа динан да волчу ЦӀадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву! ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Хьо Делера дерг гуш верг ма ву. Грекийн гочдар тӀехь: Хьажал!
Маьрша гӀала юхаверза. Хьан кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а шуьца ву. 28Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц». 29ЦӀадукъассий, Абу-ЯтӀариссий Делан тӀорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира. 30Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тӀе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хӀума а тиллина, боьлхуш дӀаоьхуш бара. 31Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТӀаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!» 32Дауд Далла Ӏибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогӀу Ӏаьркхихо волу шен доттагӀа Хьушай. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀе тесна чан а яра. 33Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагӀахь, суна хьо новкъахир ву. 34Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со – хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хӀинца чул тӀаьхьа хьан лай хир ву“. 35Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а хир ву. Хьайна паччахьан цӀа чохь мел хезнарг цаьрга дӀадийца. 36ЦӀадукъин кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта». 37Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогӀуш вара.
Copyright information for
CheCAC2012