‏ 2 Samuel 17:27-29

27Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Ӏамминхойн Рабба-гӀалара волчу вахархочун Нахьашан кӀанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Ӏамиалан кӀанта Макира а, РогӀлаймарчу галӀадхочо Барзалайс а 28цхьаболу мотт-гӀайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегӀаш а еара. Цара иштта кӀа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, 29моз а, даьтта а, уьстагӀий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кӀалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гӀел а делла, мац а делла, хьаг а делла».
Copyright information for CheCAC2012