2 Samuel 19
Йоаба Даудах бехк боккху
1Йоабе хабар кхечира: «Паччахь Абушалам бахьана долуш, воьлхуш, гӀайгӀане ву», – аьлла. 2Цундела толам баьккхина долу де дерриг а эскарна гӀайгӀане де хилла дӀахӀоьттира, хӀунда аьлча массарна а хиира паччахь шен кӀант бахьана долуш гӀайгӀане вуйла. 3Шаьш гӀали чу богӀучу хенахь, тӀемалой тебна богӀуш бара, тӀам тӀера, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, бевдда богӀуш санна. 4Ткъа паччахь, шен юьхь тӀе ши куьг а диллина, мохь бетташ тийжаш вара: «Сан кӀант Абушалам! Ва-а, сан кӀант Абушалам!» – бохуш. 5Паччахь волчу цӀа а веана, Йоаба цуьнга элира: «Тахана бойучуьра хьо а, хьан кӀентий а, зудабераш а, хьан зударий а, гӀарбаш-зударий а кӀелхьарбаьхна волчу хьан массо а тӀемалочунна а эхь хетийти ахьа. 6Хьо цавезарш беза хьуна, ткъа хьо везачаьрца цабезам кхоллало хьан. Цундела тахана массарна а гайти ахьа, хьан тӀеман хьаькамаш а, церан тӀемалой а хьайна хӀумма а ца хетийла. Тахана суна хиъна, тхо массо а хӀаллак а хилла, Абушалам дийна висина хиллехь, хьо цу балхана реза хирг хилар. 7Ара а валий, вистхила хьайн тӀемалошка. Церан дог эца! Аса Везачу Элах чӀагӀо йо хьуна, хьо царна дуьхьал ца хӀоттахь, хӀара буьйса дӀаялале, хьуна уллохь цхьа стаг вуьсур ма вац аьлла. Иза хьо бер долчу дийнахь дуьйна хьуна гиначарел уггаре а боккха бохам хир ма бу хьуна». 8Паччахь, хьала а гӀаьттина, кевнна хьалха охьахиира. Эскаре и хаам дӀакхаьчначул тӀаьхьа, дерриг а эскар шайн паччахь волчу схьагулделира.Дауд Ярушалайме юхаверзар
Ткъа исраилхой шайн-шайн цӀа дӀабевддера. 9Массо а Исраилан тайпанашкахь халкъ вовшашца къийсалуш дара. Цара бохура: «Паччахьо вайн мостагӀий болчу пӀелаштамхойх кӀелхьардаьхна вай, ткъа хӀинца иза Абушаламах ведда, шен пачхьалкхера араваьлла. 10Амма вай паччахь ван къобалвина волу Абушалам тӀамехь вийна. Ткъа хӀинца аша, паччахь юха ца верзош, хан хӀунда йолуьйту?» 11Дауда динан дай болчу ЦӀадукъиний, Абу-ЯтӀариний тӀе стаг вахийтира хабар эцна: «ЯхӀудан къаношка дӀаала: „Паччахь юха валавеш болчарна юккъехь тӀаьххьара хила хӀунда лаьа шуна, массо а исраилхойн лаам паччахь вехаш волчу цӀен тӀе дӀакхаьчна хилча? 12Шу сан вежарий ду, сан даьӀахкаш а, сан дилха а – шу ду. ХӀунда гӀерта шу паччахь юха цӀа валочу хенахь тӀаьххьарнаш хила?“ 13Ӏамасаига а дӀаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тӀехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дӀа ца хӀоттавахь!“» 14Цо берриг а яхӀудхойн дегнаш шегахьа дерзийра. Цара паччахь волчу хабар дахьийтира: «Юхаверза хьо а, хьан массо ялхой а», – аьлла. 15Паччахь юхавирзира. Иза Йордан-хи долчу схьавеара. Массо а яхӀудхой Галгал-гӀала схьабаьхкира, паччахьна дуьхьал а бахана, иза Йордан-хил сехьаваккха. 16 aБахьрумара бен-яманхо волу Герин кӀант ШамаӀи а сихвелира яхӀудхошца цхьаьна Дауд-паччахьна дуьхьалваха. 17Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цӀийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кӀант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира. 18Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а.ШамаӀис Дауде шена къинтӀеравалар доьху
Йордан-хил дехьа ваьллачул тӀаьхьа, Герин кӀант ШамаӀи паччахьна хьалха охьавуьйжира. 19Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хӀума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа. 20Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цӀийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал». 21Царуятан кӀанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неӀалташ кхайкхийна волу ШамаӀи вуьйр вац ткъа?» 22ТӀаккха Дауда элира: «ХӀун дан деза аса шуна, Царуятан кӀентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хӀинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар». 23Паччахьо ШамаӀига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тӀехь чӀагӀо йира.Мапи-Бошат паччахь волчу воьду
24 bШаулан кӀентан кӀант Мапи-Бошат паччахьна дуьхьал аравелира. Мапи-Бошата шен когаш а ца буьлура, маж а ца йошура, тӀера хӀума а ца цӀанйора, паччахь, Ярушалаймера ара а ваьлла, иза машарца юхавирзина де тӀекхаччалц. 25Мапи-Бошат, Ярушалаймера ара а ваьлла, шена дуьхьалвогӀуш гича, паччахьо цуьнга хаьттира: «Мапи-Бошат, хьо соьца хӀунда ца веара?» 26Мапи-Бошата жоп делира: «Сан паччахь волу эла, сан ялхочо со левина. Аса цуьнга элира: „Сан вирана тӀе нуьйр тилла. Цунна тӀе а хиъна, паччахьца ваха воллу со“, хьан лай волу со астагӀа волу дела. 27Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де. 28Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хӀаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хӀума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хӀума бахьана долуш гӀо доьхуш кхайкха». 29Паччахьо цуьнга элира: «Ма дийца соьга иза кхин! Суна лаьа ахьий, Цубассий шаьшшинна юкъахь латта доькъийла». 30Амма Мапи-Бошата паччахьна жоп делира: «Сан паччахь волу эла паргӀат цӀа вирзичхьана, дерриге а латта Цубас шена дӀаэцахьара».Дауда Барзалай ша волчу дӀавоьху
31 cГалӀадхо волу Барзалай РогӀлаймара схьавеанера, паччахьца Йордан-хил дехьа а ваьлла, иза цигара новкъа ваккхархьама. 32Барзалай чӀогӀа къена вара. Цуьнан дезткъа шо хан яра. Дауд Махьанаймехь волчу хенахь цо массо а хӀума латтадора цунна, ша вехаш стаг хиларе терра. 33Паччахьо Барзалайга элира: «Вало соьца. Ярушалаймехь аса массо а хьуна оьшуш долу хӀума латтор ду». 34Амма Барзалайс паччахье элира: «Сан паччахьца Ярушалайме ваха йиш яц, кӀезиг хан ю суна йиснарг. 35Сан хӀинца дезткъа шо ду. Дахарехь кхин хӀумма а дац сан самукъадала? Хьан лай волчу соьга юучу хӀуманан чам къасталур буй? Хезар дуй ткъа суна эшарш локхуш болчеран аьзнаш? Со муха гӀертар ву сан паччахь волчу элана новкъа? 36Со кхин а жимма сайн паччахьца цхьаьна Йорданал дехьа дӀавогӀур ву. Паччахьо суна хӀунда кхачийтина те оццул йоккха ял? 37Хьан лай волчунна ша винчу гӀалахь, шен ден-ненан къуббан уллохь вала луур дара, цундела юхаверза пурба доьху аса. Сан кӀант волу хьан лай КӀамхӀам вогӀур ву сан элаца цо боххучу дӀа. Хьайна луъург де ахьа цуьнца». 38ТӀаккха паччахьо элира: «КӀамхӀам соьца схьаваийта. Аса цуьнан дуьхьа хьуна луъург дийр ду. Хьан дуьхьа а дийр ду аса хьан даго боххург». 39Дерриг а халкъ шайн паччахьца Йордан-хил дехьа делира. Барзалайна оба а яьккхина, цо иза декъалвира. Ткъа Барзалай шен цӀа юхавирзира.Исраилхой ЯхӀуд-махкарчу халкъаца къийсало
40Паччахь Галгал-гӀала дӀавахара. Цуьнца цхьаьна КӀамхӀам а вахара. ЯхӀудан массо а халкъ а, Исраилан халкъан ахдакъа а арадаьллера паччахьна тӀаьхьа. 41Дукха хан ялале, исраилхоша, паччахь волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Тхан вежарий болчу ЯхӀудан халкъан божарша, хьо лачкъа а вина, хьо а, хьоьца болу нах а Йордан-хил дехьа хӀунда баьхна?» 42ЯхӀудан халкъан божарша исраилхошка жоп делира: «Оха иза дина паччахь тхан гергара стаг волу дела. И хӀума бахьана долуш шу тхуна оьгӀаза стенна оьху? Оха цхьа а хӀума диъний паччахьан? Я цуьнгара совгӀаташ схьаэцна?» 43Исраилхоша, яхӀудхошна жоп луш, элира: «Тхан паччахьца йозуш йолу бакъо шун чул уьттазза дукха ю. Аша тхо юьхьӀаьржачу хӀиттийна. Паччахь юхаверзарх лаьцна долу дош хьалххе оха дийцина дацара ткъа?» Амма яхӀудхойн дош исраилхоша бохучу дешнел чӀогӀа дара.
Copyright information for
CheCAC2012