‏ 2 Samuel 2

Дауд ЯхӀуд-мехкан паччахь дӀахӀоттар

1Цул тӀаьхьа Дауда Везачу Эле хаттар дира: «ЯхӀуд-махкарчу цхьана гӀала гӀой со?»

Везачу Эло цунна жоп делира: «ГӀо».

ТӀаккха Дауда юха а хаттар дира: «Мича гӀо со?»

Юха а Цо жоп делира: «Хьевроне гӀо».
2 aДауд цига дӀавахара, шеца шен ши зуда а эцна: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалх йисина йолу кармалхо АбигӀал а. 3Дауда шеца болу нах а, церан доьзалш а дӀабигира. Уьш Хьевронехь баха хевшира. 4 bЯхӀуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цӀенна тӀехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тӀе зайтдаьтта доттарца.

Кестта Дауде хабар кхечира, ГалӀадарчу Явешан бахархоша Шаул дӀавоьллина аьлла.
5Дауда ГалӀадарчу Явешан бахархой болчу шен геланчаш бахийтира хабар эцна: «Везачу Эло шу декъалдойла, шайн эла лаьттина волчу Шаулна, иза дӀа а верзош, шу тешаме хиларна. 6ХӀинца Веза Эла шуьца дика а, тешаме а хуьлда. Со а шуьца иштта дика хир ву, аша динарг бахьана долуш. 7Ткъа хӀинца шу доьналла долуш а, майра а хила хьовса деза, хӀунда аьлча шун эла хилла волу Шаул кхелхина, ткъа со ЯхӀудан тайпано шена тӀехь паччахь хила къобалвина».

Иш-Бошат паччахь хилла дӀахӀутту

8Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кӀанта Абунара, Шаулан кӀант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра. 9Цо иза ГалӀадана а, Ашурайна а, ИзраӀална а, Эпраймана а, Бен-Яманан махкана а, берриг а Исраилан махкана а тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра. 10Цу хенахь Шаулан кӀентан Иш-Бошатан шовзткъа шо дара. Шина шарахь лаьттира иза, Исраил-махкана тӀехь долу паччахьалла шен карахь а долуш.

Даудана тӀаьхьа ЯхӀудан тӀаьхье бен ца хӀоьттира.
11ВорхӀ шараххьий, ялх баттаххьий лаьттира Хьевронехь ЯхӀудан тӀаьхьенна тӀехь Даудан паччахьалла.

Исраилхошна а, яхӀудхошна а юкъахь хилла тӀом

12Неран кӀант Абунар а, Шаулан кӀентан Иш-Бошатан эскархой а, Махьанаймера ара а бевлла, ГавӀон-гӀала дӀабахара. 13Даудан тӀемалошца аравелира Царуятан кӀант Йоаб а. Уьш ГавӀонерачу Ӏома йистехь дуьхь-дуьхьал кхийтира. ТӀемалойн цхьа тоба Ӏоман цхьана йисте охьахиира, ткъа важа вукху йисте хиира. 14Абунара Йоабе элира: «Кегий нах, хьала а гӀиттабай, шайга хӀун дало хьовсийта».

Йоаба жоп делира: «Дика ду, хьалагӀовттийта».

15Шаулан кӀант волчу Иш-Бошатан агӀонера шийтта бен-яманхо хьалагӀаьттира. Царна дуьхьал Даудан шийтта эскархо а гӀаьттира. 16Цара хӀораммо а, вовшийн кортош схьа а лаьцна, агӀонаш чу тур дахийтира. И кӀентий цхьаьний охьаийгира. Цу меттиган цӀе, ГавӀонера Хьелкхат-ХӀацурайм аьлла, тиллира (иза «таррийн аре» бохург ду).

17Цу дийнахь цара чӀогӀа тӀом бира. Даудан эскархоша Абунар а, цуьнца хилла болу исраилхой а эшийра.

18Цигахь Царуятан кхо кӀант вара: Йоаба, Абушай, ӀасахӀал. ӀасахӀал, акха сай санна, чехка вадалуш вара. 19Иза Абунарна тӀаьхьавелира, цуьнан лорана тӀера я аьтту, я аьрру агӀор а ца волуш. 20Абунара, юха а хьаьжна, цуьнга элира: «Хьо вуй иза, ӀасахӀал?»

Вукхо жоп делира: «Со ву».

21ТӀаккха Абунара ӀасахӀале элира: «Аьтту я аьрру агӀор а таӀий, хьайна цхьа жима стаг схьа а харжий, иза вен а вей, цуьнан герз схьаэца». Амма ӀасахӀална ца лиира цунна тӀаьхьара дӀавала. 22Абунара юха а цуьнга элира: «ДӀавала суна тӀаьхьара, ма вейта соьга хьо. Со муха гӀур ву хьан вешина Йоабана дуьхьал?» 23Амма важа цунна тӀаьхьара ца волура. ТӀаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Ӏоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ӀасахӀал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тӀехволуш мел верг цигахь соцура.

24ӀасахӀалан ши ваша Йоаббий, Абушай Абунарна тӀаьхьавелира. Малх чубузуш бара, и шиъ Гихьана дуьххьал болчу, ГавӀонерачу яьссачу аренга боьдучу новкъахула Ӏуьллуш болчу, Аьми олучу гу тӀе кхаьчча. 25Бен-яманхой, Абунарна гонах а бевлла, шайх цхьа тоба а йина, вукху гунан буьххье дӀахӀиттира. 26Абунара Йоабе мохь туьйхира: «Массо а хенахь летар дуй те вай вовшех? Хьуна ца хаьа, хӀокху хӀуманан тӀаьхье балане хир юйла? Маца эр ду ахь хьайца болчаьрга, шайн вежаршна тӀаьхьадовлий ма лела?»

27Йоаба элира: «Дийна волчу Делах чӀагӀо йо ас: ахьа иштта ца аьллехьара, сан эскархой кханалера Ӏуьйре тӀекхаччалц шайн вежаршна тӀаьхьабевлла лелар ма бара». 28Эццахь Йоаба коьман маӀа лекхира. Адам исраилхошна тӀаьхьадаьлла лелачуьра сецира. ТӀом дӀабелира.

29Абунар а, цуьнца болу нах а буьйсанна Йордан-хин тогӀехула дӀаихира. Уьш, Йордан-хил дехьа а бевлла, шолгӀачу дийнахь а новкъахь бара. ТӀаьххьара а уьш Махьанайме схьакхечира.

30Йоаб Абунарна тӀаьхьаваьлла лелачуьра юхавирзира. Цо адам схьагулдира. Царна юкъахь, ӀасахӀал воцург, Даудан эскархойх ткъайоьсна стаг тӀеоьшуш вара. 31Даудан эскархоша Абунаран нах а, бен-яманхой а эшийра. Церан вийна верг кхо бӀе кхузткъа стаг вара. Дакъа схьа а эцна, ӀасахӀал Байтлахам-гӀалахь шен ден коша чохь дӀавоьллира цара. Йоаб шеца болчаьрца буьйса дӀаяллалц новкъахь вара. Сахуьллучу хенахь уьш Хьевроне кхечира.32

Copyright information for CheCAC2012