‏ 2 Samuel 3

1Даудан цӀенний, Шаулан цӀенний юкъахь еххачу хенахь тӀемаш лаьттира. Даудан ницкъ чӀагӀлуш бара, ткъа Шаулан цӀа эшна догӀура.

Хьевронехь Даудана ялх кӀант во

2Хьевронехь Даудана кӀентий бинера. Цуьнан дуьххьарлера кӀант Амнан израӀалхо йолчу АхьнуӀмата вина вара. 3ШолгӀа кӀант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигӀала вина вара. КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара. 4ВоьалгӀа кӀант Адан-ЯхӀу Хьагата вина вара, пхоьалгӀа кӀант Шапат-ЯхӀу Абиталис вина вара. 5ЙолхалгӀачу кӀентан ИтраӀаман нана ӀагӀлат яра, иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялх кӀант Хьевронехь вина вара.

Абунар Даудах дӀакхета

6Шаулна а, Даудана а тӀаьхьахӀиттина болчарна юкъахь тӀом лаьттачу хенахь, Шаулна тӀаьхьахӀоьттинчарна юкъара волу Абунар чӀагӀвелира шен даржехь.

7Шаулан, Рицпат цӀе а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла. Иза АяхӀун йоӀ яра. Иш-Бошата Абунаре элира: «Хьо сан ден гӀарбаш-зудчуьнца
ГӀарбаш-зуда – зудчун бакъо йолу гӀарбаш.
хӀунда Ӏийра?»
8Абунар цо аьллачунна чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Иш-Бошате элира: «Хьуна со жӀаьла ду-м ца моьтту? ЯхӀудана дуьхьал а ваьлла, аса хьан ден Шаулан цӀенна а, хьан вежаршна а, цуьнан доттагӀашна а гӀуллакх дина, хьо Даудан кара дӀа а ца велла. Ткъа тахана, и зуда бахьана долуш, со бехкевеш ву-кх хьо?! 9Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, Везачу Эло, чӀагӀо а еш, Дауде аьлларг аса цунна ца дахь. 10 bШаулан цӀийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхӀудан а мехкашна тӀехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, паччахьалла Дауде дӀа а лур ду». 11Иш-Бошата Абунаре хӀумма а ца элира, ша цунах озалуш волу дела.

12Абунара шегара Дауд волчу геланчаш бахийтира хабар эцна: «ХӀара латта хьенан ду? Соьца берта вола, аса дерриг а Исраилан халкъ хьайна тӀедерзо гӀо дийр ду хьуна».

13Дауда элира: «Дика ду. Со хьоьца берта вогӀур ву. Амма сан хьоьга цхьа дехар хир ду. Аса хьуна сайн юьхь гойтур яц, нагахь санна ахьа со волчу вогӀуш хьайца Шаулан йоӀ Михула ца ялаяхь».

14 cДауда Шаулан кӀант Иш-Бошат волчу хабар эцна геланчаш бахийтира: «Схьало сан зуда Михула, аса, бӀе пӀелаштамхо сунт а вина, эцна йолу». 15Иш-Бошата нах бахийтира иза Лайшин кӀантера Палтиалера схьаяккха. 16Михулица цуьнан майра а веара. Велха а воьлхуш, цо иза Бахьруме кхаччалц дӀайигира. Амма Абунара Палтиале элира: «Хьайн цӀа юхаверза». Иза цигара юхавирзира.

17Абунара, Исраилан къаношка вистхуьлуш, элира: «Селхана а, цул хьалха а шуна лууш дара, Дауд шайна тӀехь паччахь хуьлийла. 18ХӀинца кхочушде иза! ХӀунда аьлча Везачу Эло Дауде аьлла: „Даудан карахула Аса Сайн Исраилан халкъ пӀелаштамхойн а, церан массо мостагӀийн а куьйга кӀелхьара схьадоккхур ду“». 19Изза элира Абунара бен-яманхошка а. Абунара, Хьевроне а вахана, Дауде дӀахаийтира Исраилан а, дерриг а бен-яманхойн цӀийнан лаам.

20Абунар, шеца цхьаьна ткъа стаг а волуш, Хьевроне веача, Дауда цунна а, цуьнца цхьаьна болчарна а той хӀоттийра. 21Абунара Дауде элира: «Со хӀинца, хьала а гӀаьттина, сайн паччахь волчу дерриг а Исраилан халкъ схьагулдан воллу. Цара хьоьца барт бинчул тӀаьхьа, ахьа, хьайна ма-луъу, массарна а тӀехь паччахьалла латтор ду». Дауда Абунар маьрша дӀавахийтира.

Абунар вер

22Даудан эскархой Йоабаца цхьаьна генарчу новкъара цӀа баьхкира. Цара шайца йоккха хӀонс еанера, амма Абунар цу хенахь Даудаца Хьевронехь вацара, хӀунда аьлча иза Дауда маьрша новкъа ваьккхинера. 23Йоаб шеца хиллачу эскарца юхавирзича, цуьнга дӀадийцира, Дауд волчу Неран кӀант Абунар веана хилар а, паччахьо иза маьрша дӀавахийтина хилар а. 24Йоаб, паччахь волчу а веана, цуьнга вистхилира: «ХӀун ду ахьа динарг? Хьо волчу веана волу Абунар дӀа хӀунда вахийтира ахьа? Ткъа хӀинца иза дӀа ма ваха! 25Хьуна вевзаш ма ву Неран кӀант Абунар. Иза хьо леван веана, хьан чувогӀу а, араволу а некъаш довзархьама а, ахьа хӀун леладо хаархьама а».

26Дауд волчуьра ара а ваьлла, Йоаба Абунарна тӀаьхьа геланчаш бахийтира. Цара иза Сирин гӀунна тӀера дуьйна юхаверзийра, Дауде хӀумма а ца олуш. 27Абунар Хьевроне юхавирзича, Йоаба, цуьнца къамел дан воллуш санна, дехьа а ваьккхина, цуьнан гайх хӀума Ӏоьттира. Иштта велира Абунар, Йоабан вешин ӀасахӀалан цӀий бахьана долуш.

28ТӀаьхьо шена цунах лаьцна хиъча, Дауда элира: «Со а, сан паччахьалла а Везачу Элана хьалха цкъа а бехке дацара Неран кӀант Абунар валарна. 29Йоабан а, цуьнан доьзалан а коьрта тӀе дужийла и цӀий. Цуьнан цӀентӀахь гуттара а хуьлийла дегӀа тӀехь ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерг а, Ӏасанца бен ког ца баккхалуш верг а, туьро чевнаш йина воьжнарг а, мацалла ловш верг а». 30Йоаба а, цуьнан вашас Абушайс а Абунар вийна, цо ГавӀонахь хиллачу тӀамехь шайн ваша ӀасахӀал вийна дела.

31Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тӀера бедарш этӀа а яй, шаьш гӀайгӀане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дӀахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара. 32Иза Хьевронехь дӀавоьллича, цуьнан коша тӀехь паччахь чӀогӀа вилхира. Дилхира дерриге а халкъ. 33Абунар дагавоуьйтуш, паччахьо хӀара гӀайгӀане назма элира: «Сонтачу стеган санна, валар хила дезарий техьа Абунаран?
34Хьан куьйгаш дӀадихкина дацара,
хьан когаш буржалш тоьхна бацара.
Талорхойн карах велларг санна, хьо а велла».

Массо а халкъ цунна тӀехь доьлхуш дара.

35Цу дийнахь дукха нах тӀебаьхкира Даудана, цуьнга яа хӀума яа бохуш. Амма Дауда, дуй а бууш, чӀагӀо йинера: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса малх чубуззалц баьпках я кхин йолчу юучу хӀуманах мотт тохахь», – аьлла. 36Дерриг а халкъана иза хиира. Царна иза чӀогӀа тайнера, паччахьо деш долу массо а хӀума санна. 37Цу дийнахь дерриг а Исраилан халкъана хиира, Неран кӀант Абунар вуьйш паччахьо дакъа ца лаьцнийла. 38Дауда шен ялхошка элира: «Шуна хаьий, тахана Исраилан пачхьалкхехь воккха баьчча веллийла? 39Со хӀинца а сайн даржехь чӀагӀвелла дӀахӀоьттина вац, паччахьалла дӀакхехьа къобалвина велахь а. Тахана Царуятан кӀентий сол сов ницкъ болуш бу. Цундела Везачу Эло, церан зуламашка хьаьжжина, вониг дойла царах хӀоранна а».
Copyright information for CheCAC2012