2 Samuel 9:1-7
Дауд Шаулан доьзалца къинхетаме хилар
1 aДауда хаьттира: «Шаулан цӀийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара ЯхӀунатин дуьхьа». 2Шаулан цӀа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цӀе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?» Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со». 3 bПаччахьо элира: «Шаулан цӀийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чӀагӀо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхӀунатин кӀант ву, когашна астагӀа а волуш». 4Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?» Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Ӏамиалан кӀант волчу Макиран цӀа чохь ву». 5Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Ӏамиалан кӀант Макир волчуьра иза схьавалавайтира. 6Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаӀийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай». 7Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхӀунатин дуьхьа аса дика гӀуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тӀаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву».
Copyright information for
CheCAC2012