2 Thessalonians 2
ХӀаллакьхила вогӀун волу къинойн кӀант
1 aДинан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен тӀе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна: 2шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогӀу де тӀекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тӀехь дӀаязбина бу аьлла. 3Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча адам, Ӏеса а даьлла, Далла дуьхьал эргӀаддаьлча а, хӀаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тӀедогӀур доцу дела. 4 b«Дела» аьлла, цӀе йоккхучу а, адамаша Ӏибадат дечу а массо а хӀуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цӀа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза. 5Дага ца догӀу шуна, шу долчохь со волуш, аса шайга и дийцар? 6Ткъа хӀинца шуна хаьа, иза сецош дерг хӀун ду. И бахьана долуш шен хеннахь бен иза гучувоккхур вац. 7Къайлаха долу зулам хӀинцале а къахьоьгуш ду. Амма хӀинца а иза сецош волчо кхин дӀа а сецор ву, новкъара иза Дала дӀаваккхалц. 8 cТӀаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Ӏийсас Шен багарчу Ӏаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хӀаллак а вийр ву. 9 dЗуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Ӏаламаташ а гойтуш лелар ву иза. 10Шаьш кӀелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тӀе ца эцарна а, иза ца дезарна а хӀаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза. 11Цундела Дала чӀогӀа Ӏехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш. 12ТӀаккха билггал бакъдолчух а ца тешна, харцдерг дезначарна Дала кхел йийр ю.КӀелхьардахарна хаьржина
13Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кӀелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тӀера Деле даим баркаллаш баха деза оха. 14Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама. 15Цундела, динан вежарий, чӀагӀлой Ӏелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тӀехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха. 16Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахӀиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна. 17Муьлххачу а аша олуш долчунна тӀехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гӀуллакхашна тӀехь а, иракара а хӀиттош, Дала чӀагӀдойла шу.
Copyright information for
CheCAC2012