‏ 2 Thessalonians 3

Тхуна тӀера доӀанаш делаш

1Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дӀасабаржийта а, лоруш тӀеэцийта а тхуна тӀера доӀанаш делаш. 2Кхин а дехалаш мекара а, вон а нах вайх дӀакъастор, хӀунда аьлча берриш а ма бац цу кхоах тешаш.

3Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чӀагӀ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду. 4Оха шайна хьоьхург аша кхочушдеш хиларх а, кхин дӀа а кхочуш дийриг хиларх а Везачу Элаца хиларна, шух лаьцна долчух шеко йоцуш тешар ду тхан. 5Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тӀехьажадойла.

Массо а къахьега декхарийлахь ву

6Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Ӏийсан цӀарах весет до оха, аша тхоьгара тӀеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дӀакъаста аьлла. 7Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора. 8Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха. 9Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама. 10Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хӀара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хӀума а ма яа», – аьлла.

11Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Ӏаш бу бохуш, хеза тхуна. ХӀумма а ца деш болу уьш нехан гӀуллакхашна чу юкъагӀерта. 12Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах тӀедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догӀу рицкъа даккха а, синна паргӀат хила а.

13Ткъа аша, динан вежарий, дарх кӀорда а ца деш, диканиг де. 14Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта. 15Иза мостагӀа санна ма лара, амма, шайн ваша хиларе терра, иза кхетаве.

Чаккхе

16Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хӀуманна тӀехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а!

17Аса, ПахӀала, сайн куьйгаца яздечу маршаллица чекхдоккху хӀара кехат. Соьгарчу хӀора кехатан билгало ю иза. Аса иштта яздо:

18Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
Copyright information for CheCAC2012