2 Timothy 1
1Тимапи, хӀара кехат яздо хьоьга ПахӀала. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву со Делан лаамца. Со Дала ваийтина Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна вай долчу хенахь лур ду аьлла долу бакъдолу дахар дӀакхайкхо. 2 aАс яздо хьоьга, сайн хьоме кӀант волчу Тимапига. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.Баркаллаш а, иракарахӀиттор а
3Дийнахь а, буса а сайн доӀанашкахь хьо дукхазза а дагавогӀуш, сан дайша ма-барра, цӀеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас. 4Деана долу хьан бӀаьрхиш дагахьдохку суна. Хьо ган лууш кийра богу сан. Хьо а гина, сан хазахетар кхочушхуьлийла. 5 bХьо цӀеначу даггара Ӏийсах тешар дагадогӀу суна. Хьалха хьан бабин Лусин а, хьан ненан Эвникин а даг чохь иштта тешар лаьттара. Ткъа хӀинца хьан даг чохь а и тешар латтарх шеко яц сан. 6Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тӀедахкарехула, Дала хьайна деллачу похӀмин алу кхин а йовха ягийталахь. 7ХӀунда аьлча Дала вайна кӀиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла. 8Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дӀакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега. 9Дала кӀелхьардаьхна вай. Цо Шена тӀекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гӀуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Ӏалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика. 10Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Ӏийса, вай КӀелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хӀинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тӀехь долу Ӏожаллин олалла дохийна Ӏийсас. Ша дӀакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Ӏожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо. 11 cИ хаза кхаъ дӀакхайкхо Ӏийсан векал а, хьехархо а дӀахӀоттийна со. 12Цундела хӀара массо а баланаш дӀакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тӀедогӀур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву. 13Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цӀеначу хьехамех масал а дай, Ӏелахь. 14Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гӀоьнца ларделахь. 15Хьуна хууш ма-хиллара, Асиа-махкахь берш массо а сох дӀабирзина. Царна юкъахь бу Пигал а, ХӀарми-Гена а. 16Везачу Эло къинхетам бойла Анисапаран цӀийнах. Цо дукхазза а догъэцна сан. Со набахтехь хиларх эхь ца хийтира цунна. 17Рим-гӀалахь ша нисвелча, леррина лехча, со халла карийра цунна. 18Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тӀедогӀур долчу оцу дийнахь. Эпас-гӀалахь цо суна мел дина долу дика гӀуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа.
Copyright information for
CheCAC2012