‏ 2 Timothy 3

ТӀаьхьарчу деношкахь

1Хаалахь, тӀаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю. 2Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтӀахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш. 3Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хӀума бӀаьрга дан ца дезаш хир бу уьш. 4Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кӀоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах. 5Дин лелорехь тӀехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дӀатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь. 6Къайлаха нехан хӀусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КӀеда дог долу зударий кӀелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий. 7Динах лаьцна хьехамаш даим Ӏамо гӀерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга. 8 aЯннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Ӏийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу. 9Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна.

ТӀаьххьара бина болу хьехамаш

10Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Ӏалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь. 11 bСо эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гӀалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кӀелхьарваьккхира со. 12Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тӀаьхьа а хӀоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар. 13ХӀилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу.

14Хьох лаьцна-м хӀара эр ду ас: хьайна Ӏемина долу а, хьо тешна волу а и гӀуллакх кхидӀа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна. 15Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула луш долчу кӀелхьарваларна тӀевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша. 16Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Ӏаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гӀалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш. Цу дерригенан Ӏалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гӀуллакх дан кийча хилийтар.17

Copyright information for CheCAC2012