2 Timothy 4
1Дала леррина къобалвина волу Ӏийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чӀагӀо а еш, ас хӀара весет до хьоьга: 2дӀакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегӀийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дӀакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гӀалаташ нисде, уьш галдевлча, дӀахаийта царна, уьш иракарахӀиттаде. 3ХӀунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугӀур доцу хан тӀейогӀур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта. 4Билггал бакъболчу хьехамах дӀа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш. 5Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гӀуллакх а деш, хьайна тӀедиллинарг дерриге а чекх а даккха. 6Сайх лаьцна хӀара эр ду ас: сан дахар Далла хьалха сагӀа даккха дуттуш долу чагӀар санна ду – со дӀакхалха веза хан тӀееана. 7Дикачун дуьхьа бечу тӀамехь ас хьуьнарца тӀом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди. 8Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.ПахӀала Тимапига шех лаьцна дуьйцу
9Тимапи, хӀуъа а дай, суна сихха тӀекхачахьара хьо. 10 aХӀара дуьне шена дезарна, сох дӀа а къаьстина, Тассалник-гӀала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана. 11 bЛака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тӀехь суна пайден хир ву иза. 12 cТихӀак Эпас-гӀала вахийтина ас. 13 dТроя-гӀалахь Карпу волчохь ас йитина сан тӀеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тӀаьрсигна тӀехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогӀуш. 14 eДукха зуламаш дина суна цӀестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таӀзар дийр ду цунна. 15Хьо а ларвала веза цунах. Вайн хьехамашна чӀогӀа дуьхьалваьлла иза. 16Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гӀо даккха цхьа а ца веара, массара а дӀатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала! 17Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дӀакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дӀахазийта а. Иштта кӀелхьарваьккхинера со лоьман багара. 18Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кӀелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дӀа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин.ТӀаьххьара делла маршаллаш
19 fМаршаллаш ло соьгара ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а, Анисапаран цӀерачаьрга а. 20 gАрсати Коринт-гӀалахь висира. Ткъа ТрахӀим Милет-гӀалахь витира ас, иза цомгуш волу дела. 21ХӀуъа дай а, Ӏа тӀедале, схьакхача гӀортахьара хьо. Маршаллаш доуьйту хьоьга Ӏевала а, Пудас а, иштта Ланас а, Калабдата а, массо а вежарша а. 22Веза Эла хуьлийла хьан синца. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
Copyright information for
CheCAC2012