aАрадаккхар 12:1-27.

‏ Acts 12

Кипа лацар а, кӀелхьарваккхар а

1Оццу хенахь ХӀарод-паччахь Ӏийсах тешачийн тобанна таӀзар дан волавелира, царах цхьаберш дӀа а лецийтира цо. 2Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо. 3Жуьгташна и гӀуллакх хазахетийла хиъча, Кипа а дӀалацийтира цо. (Иза хилира совсазчу баьпкан дезачу дийнахь.) 4 aКипа, схьа а лаьцна, набахти чу воьллира. Иза ларван тӀемалойн йиъ тоба хӀоттийра, хӀора тобанехь виъ стаг а волуш. Пасахьан деза де чекхдаьлча Кипа халкъан кхелана хьалха хӀотто дагахь вара ХӀарод. 5Кипа набахтехь велахь а, Ӏийсах тешачийн тоба даггара цунах лаьцна Деле доӀанаш деш яра.

6Кхана кхеле воккху аьллачу буса, шина а агӀор зӀенаш а тоьхна, шина тӀемалочунна юккъехь вижина Ӏуьллура Кипа. НеӀарехь лаьтташ гӀарол а дара. 7ЦӀеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагӀатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тӀера зӀенаш охьаийгира. 8Юха малико элира: «ТӀе хӀума а юха, кога мачаш а юха», – аьлла. Кипас цо ма-аллара дира. «Хьайна тӀе бедар а хьарчаяй, суна тӀаьхьахӀотта», – элира малико. 9Кипа маликана тӀаьххье набахтера аравелира, дерриг а малико деш дерг самах хуьлуш дуйла а ца хууш. Цунна моьттура шена хӀоьттинарг цхьа сурт ду. 10Уьш цхьана гӀаролах а, шолгӀачу гӀаролах а тӀех а бевлла, гӀала доьдучу аьчка кевнна тӀебаьхкира. Ков ша царна хьалха схьа а делладелла, уьш арабевлира. Бехачу урамехула чекхделира и шиъ, юха малик къайладелира.

11Кипа меттавеача, цо элира: «ХӀинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХӀародан куьйгех а, жуьгташна луучу таӀзарх а со кӀелхьарваьккхинийла».

12Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цӀа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цӀе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цӀа чохь дуккха а адам гулделлера доӀанаш дан. 13Кипас ков тоьхча, Рода цӀе йолу ялхо дуьхьалъелира. 14Цунна озах Кипа вевзира. Хазахетар совдаларна, ков дӀаделла йиц а елла, юха чуедира иза.

«Кипа кевнехь ву!» – элира цо.

15«Хьо лартӀехь юй!» – бохура цуьнга.

Амма иза иштта ду бохура Родас.

«Иза Кипин малик ду», – аьлла, сацам бира цара.

16Цу хенахь Кипа ков детташ вара. Эххар а ков дӀадиллича, иза ган а гина, чӀогӀа цецбевлира уьш. 17Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», – аьлла, кхечу метте дӀавахара иза.

18ШолгӀачу Ӏуьйранна тӀемалой боьхна хьийзара, цхьанна а ца хаьара Кипех хилларг. 19ХӀарода омра дира, массанхьа а иза лаха аьлла, амма лехарх гӀуллакх ца хилира. ТӀаккха цо, тӀемалошка барт а хаьттина, уьш байийтира.

ХӀародан кхалхар

Цул тӀаьхьа ХӀарода, ЯхӀуд-махкара Кхесрин-гӀала а вахана, цигахь жимма хан яьккхира.
20ХӀарод Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахаца барт ийгӀина вара. И нах цуьнга шаьш тӀеэцийта лууш бара. Паччахьан цӀентӀехь куьйгалхо волу Балсат цӀе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гӀоьнна. Цу наха машар бийхира, хӀунда аьлча ХӀародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хӀума. 21Билгалдаьккхинчу дийнахь паччахьан духар а дуьйхина, паччахьан гӀанта тӀе а хиина, нахе вистхилира ХӀарод. 22Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» – аьлла. 23Амма ХӀарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НӀаьнаша ваарна, хӀаллакьхилира иза.

24Цу хенахь Делах долу Дош дӀасадаьржаш дара. 25Шайна тӀедиллина гӀуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цӀе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца.
Copyright information for CheCAC2012