‏ Acts 15

Ярушалаймехь хилла кхеташо

1 aЯхӀуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Ӏедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кӀелхьардевр дац».

2Цу тӀехула цхьана агӀор оцу нехан а, вукху агӀор ПахӀалан а, Бар-Наабан а чӀогӀа къовсам белира. ПахӀал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гӀуллакх векалшца а, Ӏийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. 3Ӏийсах тешачийн тобано и гӀуллакх тӀе а диллина, дӀабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тӀеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Ӏийсах тешачунна хазахетар дахьара. 4Ярушалайме кхаьчча, Ӏийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тӀеийцира уьш. ПахӀала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна. 5Парушхошна юкъахь болчу Ӏийсах тешачу наха, хьала а гӀевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тӀедиллина декхарш кхочушде ала а деза».

6Цу хьокъехь векалш а, тхьамданаш а кхеташоне гулбелира. 7 bДуккха а дийцинчул тӀаьхьа Кипас, хьала а гӀаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Ӏийсах тешийтархьама. 8 cДалла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тӀеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна. 9Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хӀунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. 10Ткъа хӀинца хӀунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьӀнаш тӀе а биллина? 11Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Ӏийсас къинхетам бар бахьанехь вай кӀелхьардевр хиларх».

12ТӀаккха массо а, дӀа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахӀалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хӀуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугӀуш вара. 13Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогӀалаш соьга. 14ШамӀа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гӀайгӀа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна. 15Цунах лаьцна пайхамарша а аьлла хӀокху дешнашца: 16 d„Цул тӀаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду.
Цуьнан саьлнаш метта а хӀиттийна, ирахӀоттор ду иза,
17 18кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а,
Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а.
Иштта боху и дерриге а хӀуманаш абадехь дуьйна дӀахоуьйтуш волчу Везачу Эло“.

19Цундела суна хета, Далла тӀе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. 20 eМелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цӀуша бехйина хӀума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цӀийх а ларло аьлла а. 21Муса-пайхамаро тӀедиллинарг массо а гӀалахь хӀора Далла леринчу шоьтан дийнахь дукха хенахь дуьйна а хӀора гуламан цӀийнахь хьоьхуш ма ду».

Кхеташоно хийрачу мехкашкарчу вежаршка яздина кехат

22Векалийн а, тхьамданийн а Ӏийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахӀалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цӀе йоккху ЯхӀуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара. 23Цаьргахула хӀара чулацам болу кехат дахьийтира цара: «Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а.
Антиохера а, Сирера а, Киликера Ӏийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе.
Маршалла ду шуьга!
24Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дӀакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. 25Цундела оха сацам бина, тхайна юкъара масех стаг а хаьржина, уьш тхан хьомечу Бар-Наабаца а, ПахӀалца а шу долчу дӀабахкийта. 26Вайн Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан дуьхьа шайн дахар кхерамечу хьоле хӀиттийна нах бу уьш. 27Хаьржина волу ЯхӀуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тӀечӀагӀдайта. 28Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хӀара тӀедиллинарг доцург: 29ЦӀушна сагӀина еана хӀума ца яар, цӀийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар.
И дерриге а кхочушдахь, аша дика гӀуллакх дийр ду.
Марша Ӏойла шу!»

30Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Ӏийсах тешачийн тоба гул а йина, цаьрга кехат дӀаделира цара. 31И дешча, дегнаш иракарахӀитточу цу хаамах самукъадаьлла бара нах. 32ЯхӀуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чӀагӀдеш, иракарахӀиттош бара уьш. 33Цара жимма хан яьккхира цигахь. Цул тӀаьхьа динан вежарша, декъал а бина, диканиг хилар лаарца векалш болчу дӀахьовсийра уьш
Цхьадолчу тептарш тӀехь 34-гӀа аят тӀетоьхна ду: Амма Салина цигахь саца лиира, ткъа ЯхӀуд Ярушалайме юхавеара.
.

34 35ПахӀал а, Бар-Нааб а Антиохехь сецира. Цигахь цара а, цаьрца болчу дуккха а кхечара а Везачу Элах долу дош хьоьхура.

ПахӀална а, Бар-Наабана а юкъара къовсам

36Цул тӀаьхьа жимма хан яьлча, ПахӀала элира Бар-Наабе: «Вай Везачу Элах долу дош кхайкхийначу массо а гӀала а гӀой, динан вежарий муха Ӏаш бу хьовсий», – аьлла. 37Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цӀе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира. 38 gАмма ПахӀал реза вацара, шаьш Пампилехь Ӏадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Ӏийна волу стаг шайца схьаэца. 39Цу тӀехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дӀасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хӀордкеманца Кипре вахара. 40Ткъа ПахӀала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза. 41Сири-махка а, Килик-махка а вахара иза. Цигахь цо Ӏийсах тешачийн тобанаш чӀагӀйора.
Copyright information for CheCAC2012