‏ Acts 17

Тассалник-гӀалахь адам карзахдалар

1Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гӀала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цӀа дара. 2Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тӀера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахӀала. 3Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахӀала. 4Царах цхьаберш, Ӏийсах а тешна, ПахӀалах а, Салих а дӀакхийтира. Далла Ӏамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь.

5Амма тӀаьхьа ца хӀиттина, Ӏийсах а ца тешна, хьагӀ лаьцна болу жуьгтий, гӀалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гӀала марсаяха хӀиттира.

Ясонан цӀийна улло а баьхкина, ПахӀал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хӀитто гӀертара уьш.
6ПахӀалгӀар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гӀалин хьаькамашна тӀе дӀатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хӀара нах хӀинца кхуза а кхечи, 7Ясона хӀорш тӀе а ийци! Берриш хӀорш паччахьо тӀедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Ӏийса ву а боху». 8Цу хаамо адам а, гӀалара Ӏедал а карзах даьккхинера. 9Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт
Я иштта: дош.
а даьккхина, уьш дӀахийцира цара.

Векалш Берия-гӀалахь

10Динан вежарша ПахӀал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гӀала дӀавахийтира. Цига дӀа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цӀийне бахара. 11Кхузарчу нехан дегнаш Тассалникерачарел алссам делладелла дара цо дуьйцург тӀеэца. Цара боккхачу лаамца тӀеийцира дош. Делан Йозанаш а Ӏамадора цара, денна а ПахӀала дуьйцург бакъ дуй хаархьама. 12Ӏийсах тийшира дуккха а жуьгтий а, грекийн хьалдолу зударий а, тоъал божарий а. 13Тассалник-гӀалахь болчу жуьгташна Берия-гӀалахь ПахӀала Делан дош хьехний хиъча, уьш цига баьхкира, адам карзах а доккхуш. 14ТӀаккха динан вежарша ПахӀал сихонца хӀордан йисте дӀавахийтира, ткъа Сали а, Тимапи а цигахь сецира. 15ПахӀал новкъа воккхучара иза Атина-гӀала дӀавигира. Цуьнгара Салига а, Тимапига а дахьа кост а эцна, сиха цхьаьнакхетархьама новкъабевлира уьш.

ПахӀал Атинехь

16Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахӀал, хӀунда аьлча гӀала юьззина цӀуш бара цунна гуш. 17Жуьгтийн гуламан цӀа чохь жуьгташца а, Далла Ӏибадат дечу грекашца а, тӀаккха хӀора дийнахь базаран майданахь цигахь хуьлучу нахаца а къамел дора цо. 18Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цӀе йоккхучу цхьаболчу Ӏилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХӀара хабарча хӀун ала гӀерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахӀала Ӏийсах а, веллачуьра денваларх
Веллачуьра денваларх – Грекийн маттахь «веллачуьра денвалар» олу дешнаш «зуда-дела» аьлла, кхета там бу.
а лаьцна дийцар.
19Цара иза, схьа а лаьцна, лаккхарчу кхеташоне валийра: «Ахь хьоьхуш долу керла хӀума тхан хаа таро йолуш дуй?» – аьлла. 20«ХӀунда аьлча цхьа тамашийна хӀума ду тхуна хезнарг, цундела иза хӀун ду хаа лаьара тхуна?» 21(Атина-гӀалин бахархойн а, цаьрца Ӏаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чӀогӀа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугӀуш я керланиг дуьйцуш.)

22Кхеташонна юккъе а хӀоьттина, ПахӀала элира: «Атинахой, суна го шу къаьсттина суьпа нах дуй, 23хӀунда аьлча шун гӀалахула езачу меттигашкахула чекхволуш, суна карийра шена тӀехь сагӀа доккху тӀулг. Цу тӀехь яздина дара: „Вевзаш воцучу Далла“. Цундела шайна мила ву а ца хууш, аша Ӏибадат деш волу Дела ву ас шуна вуьйцург. 24 cДуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цӀенош чохь Ӏаш вац. 25Адамийн куьйгаша Далла гӀуллакх деш делахь а, Цунна хӀума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеӀар а, кхин дерриге а. 26Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тӀехь Ӏайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Ӏан меттиг а къастийна, 27цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хӀоранна а генахь-м вац). 28ХӀунда аьлча „Иза бахьана долуш вай дехаш а, меттахдовлуш а, Ӏаш а ду“.

Шун цхьаболчу байташ язъярхоша аьлла: „Тхо Цуьнан бераш ду“.

29Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тӀулгах, я деших, я детих тера ву. 30ХӀума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хӀинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тӀедерза аьлла, омра до Цо. 31ХӀунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина».

32Велларг денварх лаьцна хезча, цхьаберш ца бешаш бела хӀиттира, ткъа вукхара бохура: «Цунах лаьцна тӀаккхахула ладогӀа луур ду тхуна». 33ПахӀал царна юкъара дӀавахара. 34Цхьаберш, цунна тӀаьхьа а хӀиттина, Ӏийсах тийшира. Царна юкъахь бара лаккхарчу кхеташонан декъахо волу Дайнас а, Дамират цӀе йолу зуда а, кхиберш а.
Copyright information for CheCAC2012