Acts 18
ПахӀал Коринт-гӀалахь
1Цул тӀаьхьа ПахӀал Атина-гӀалара дӀа а вахана, Коринт-гӀала веара. 2Цигахь цунна карийра Ӏакхила цӀе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Ӏакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскӀилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хӀунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гӀалара дӀагӀо аьллера. ПахӀал Ӏакхилий, Парскилий ган веара. 3Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира. 4ХӀора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Ӏийсах тешийта гӀерташ. 5Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахӀала шен ерриг а хан хьехамаш беш дӀахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш. 6Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТӀаккха ПахӀала, шен бедарш тӀера чан дӀа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хӀуманна а бехке вац. ХӀинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». 7Гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цӀе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цӀенош гуламан цӀенна уллохь дара. 8Жуьгтийн гуламан цӀийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цӀеранаш а Ӏийсах тийшира. ПахӀале ладоьгӀна болу дуккха а Коринт-гӀалара бахархоша, Ӏийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира. 9Цкъа буьйсанна ПахӀална сурт хӀоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Ӏе! 10ХӀунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гӀалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла. 11Цхьана шарахь эха шарахь Ӏийра цигахь ПахӀал, нахана Делан дош хьоьхуш. 12Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахӀал, схьа а лаьцна, цунна тӀе кхеле валийра. Цара бохура: 13«ХӀокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гӀуллакх вайн Ӏедалца догӀуш дац». 14ПахӀал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогӀа. 15Амма дерриг а гӀуллакх дешнашца а, цӀерашца а, шун Ӏедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гӀуллакха тӀехь кхелахо хила ца лаьа». 16Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра. 17ТӀаккха цара, гуламан цӀийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цӀийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан.ПахӀал Антиохе юхавар
18 aЦигахь дуккха а деношкахь Ӏийна, Сири вахара ПахӀал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскӀилат а, Ӏакхила а дара цуьнца. Кенахари цӀе йолчу меттехь шен месаш дӀалергира цо, ша Далла хьалха дина ваӀда кхочушдар билгалонна. 19Уьш Эпас-гӀала кхечира. ПхьаьрскӀилата а, Ӏакхила а цигахь сецира. ПахӀал ша жуьгтийн гуламан цӀийне вахара, жуьгташца къамел дархьама. 20Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Ӏе аьлла, амма иза реза ца хилира. 21Ткъа, дӀавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогӀур ву шу долчу». Цул тӀаьхьа иза хӀордкеманца Эпас-гӀалара дӀавахара. 22ХӀордан йистехь йолчу Кхесрин-гӀала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахӀал. Цигара Ӏийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза. 23Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидӀа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гӀалара вукху гӀала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Ӏийсах тешарехь чӀагӀ а беш.Апа-Леса
24Апа-Леса цӀе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гӀала. Иза Искандар-гӀалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза. 25Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Ӏийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь. 26Цо майрра дуьйцура гуламан цӀийнехь. ПхьаьрскӀилатана а, Ӏакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цӀа дӀа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна. 27Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гӀонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хӀара тӀеэца аьлла. Цига ша дӀакхаьчча, цо доккха гӀо дира Делан лаамца Ӏийсах тешначарна. 28Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тӀе а чӀагӀдеш, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.
Copyright information for
CheCAC2012