‏ Acts 23

ПахӀал а, жуьгтийн тхьамданаш а

1Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахӀала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цӀеначу дагца ваьхна ву со». 2Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахӀалан бета тӀе хӀума тоха аьлла. 3 aПахӀала элира цуьнга: «Дала таӀзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хӀетте а харцонца суна етта боху-кх ахь».

4Уллохь лаьтташ болчара элира ПахӀале: «Динан коьрта да сийсазво ахьа!»

5 bПахӀала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тӀехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла».

6 cГулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахӀала чӀоггӀа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян».

7Цо иза аьлча, парушхошна а, садукъошна а юкъахь къовсам а баьлла, гулам шина декъе бекъабелира. 8( dХӀунда аьлча садукъоша я денвалар а, я маликаш а, я жинаш а дац бохура, ткъа парушхоша и дерриг а ду бохура.) 9Йоккха гӀовгӀа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Ӏеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХӀун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла»
Цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: «Далла дуьхьал хир дац вай».
.
10Амма къовсам кхин а чӀогӀа баларна тӀеман коьртачу хьаькамо, наха ПахӀал вовшахваккхарна кхоьруш, тӀемалошка омра дира, лаха чу а диссий, царна юкъара схьа а ваккхий, иза гӀопе дӀавига аьлла.

11Буьйсанна ПахӀална хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧӀагӀлолахь, ПахӀал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан».

Жуьгташа ПахӀална дуьхьал бартбар

12Де тӀекхаьчча, цхьаболчу жуьгташа, барт а бина, дуй биира ПахӀал шаьш веллалц ца яа а, ца мала а. 13И барт беш декъехь вара шовзткъа сов стаг. 14Динан коьрта да а, баккхий нах а болчу а бахана, цара элира: «Оха дуй биъна ца яа а, ца мала а ПахӀал веллалц. 15Аша а, коьртачу кхеташоно а тӀеман коьртачу хьаькаме дехар де, ПахӀал шаьш долчу валавайта алий, цуьнан гӀуллакх кхин цкъа а дикка таллархьама. Шуна тӀекхачале, иза вен тхо кийчча ду».

16Цара бинчу бартах лаьцна ПахӀалан йишин кӀантана хиира. Цо, гӀопе а веана, ПахӀале дӀахаийтира и гӀуллакх. 17ТӀаккха ПахӀала, римхойн эскарера цхьана тӀеман хьаькаме схьа а кхайкхина, элира: «ХӀара жима стаг тӀеман коьртачу хьаькамна тӀевига, цуьнга цхьа хӀума ала деза кхуьнан», – аьлла.

18Цу хьаькамо, и кӀант тӀеман коьртачу хьаькамна тӀе а вигина, элира: «Тутмакха ПахӀала, соьга схьа а кхайкхина, хӀара жима стаг хьуна тӀевига элира. Кхуьнан хьоьга ала цхьа хӀума ду боху цо».

19ТӀеман коьртачу хьаькамо, куьг лаьцна юьстаха а ваьккхина, хаьттира кӀанте: «ХӀун дара хьан соьга ала?» – аьлла.

20КӀанта элира: «Жуьгташа барт бина, хьоьга ПахӀал кхана коьртачу кхеташоне валаве аьлла, дехар дан, цуьнан гӀуллакх дикка толлучуха. 21Цаьрга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча шовзткъа сов стаг ву цунна кӀело йина Ӏаш. Цара дуй биъна ца яа а, ца мала а шаьш иза веллалц. Уьш хӀинца кийчча Ӏаш бу, ахь ден долчу омре хьоьжуш».

22ТӀаккха тӀеман коьртачу хьаькамо жима стаг дӀавахийтира: «Айхьа соьга аьлларг цхьаьнгге а ма дийцалахь», – аьлла.

ПахӀал Кхесрин-гӀала дӀавохуьйту

23Цул тӀаьхьа, шен тӀеман хьаькамех шиъ схьа а кхайкхина, цо элира: «Кхесрин-гӀала ваха ши бӀе гӀашло а, кхузткъе итт дин-бере а, ши бӀе гоьмукълелорхо а кечве, буьйсанна исс сахьт долуш уьш дӀа а хьовсабе. 24Иштта, варраш а кечъе, тӀе а хаавай, ПахӀал мехкан куьйгалхо Пелакъ волчу дӀавигийта».

25Цул сов, иштта чулацам болуш кехат а яздира цо: 26«Цуьнан сийлалле мехкан куьйгалхочуьнга Пелакъе маршалла доуьйту Калабди Лосас.
27ХӀара стаг, схьа а лаьцна, жуьгташа вуьйчуьра тӀемалошца веанчу ас кӀелхьарваьккхина ву, Риман вахархо вуй ма-хиъинехь. 28Кхуьнан хӀун бехк бу хаархьама, ас хӀара церан коьртачу кхеташоне валийра. 29Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хӀара вен я дӀалаца бахьана долуш хӀума дацара. 30Сайна кху стагана дуьхьал барт бинийла ма-хиъинехь, ас сихонца хӀара хьо волчу дӀахьажийра, ткъа кхуьнан кхелахошка, гӀуллакх хьоьга къастадайта аьлла, омра дира».

31ТӀемалоша шайна деллачу омрица ПахӀал, схьа а эцна, буьйсанна Анти-Патар-гӀала дӀавигира. 32Ткъа шолгӀачу дийнахь, иза говрашкахь болчаьрга кхидӀа вига а аьлла, гӀопе юхабирзира уьш. 33Вукхара, Кхесрин-гӀала схьакхаьчча, кехат мехкан куьйгалхочуьнга дӀа а делла, ПахӀал цунна хьалха хӀоттийра. 34Мехкан куьйгалхочо, кехат а дешна, ПахӀале хаьттира, иза муьлхачу меттера ву аьлла. ХӀара Киликера вуйла хиъча, цо элира: 35«Ас хьан гӀуллакхе ладугӀур ду, хьо бехке веш берш схьакхаьчча». ТӀаккха гӀароле, иза кхел еш долчу ХӀародан цӀийнехь ларве аьлла, омра дира цо.
Copyright information for CheCAC2012