‏ Acts 24

Пелакъа ПахӀалан гӀуллакхе ладугӀу

1Пхи де даьлча, динан коьрта да Хьанас а, масех воккха стаг а, кхелан гӀуллакх лелош волу Туртал а веара цига. Цара мехкан куьйгалхочуьнга ПахӀална дуьхьал шаьш даьккхинарг дийцира. 2 3ПахӀал схьакхайкхича, Туртала, иза бехкевеш, бохура:

«Массо а хенахь а, массо а меттехь а баркаллица тӀечӀагӀдо оха, лоруш волу Пелакъ, хьо бахьана долуш тхо долчохь машар хилар а, ахь Ӏуналла дарца хӀокху халкъан дахар толуш хилар а.
4Амма, хьуна тӀех новкъарло ца ярхьама, доьху хьоьга тхан доццачу къамеле ладогӀар, хьайгахь гуттар а болчу къинхетамца. 5Оха къастийна: хӀара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а. 6ТӀехула тӀе Делан цӀа сийсаздан а воьллера хӀара, амма оха сацийра
Цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: Тхо тхайн Ӏедалца кхунна кхел ян лууш дара. 7 Амма тӀеман коьрта хьаькам волчу Лосас, ван а веана, нуьцкъаха тхан карара схьа а ваьккхина, хьо волчу хьажийра хӀара. 8 ХӀара бехке веш долчу тхуна а тӀедожийра цо хьуна тӀедахкар.
.
7 8Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хӀара стаг бехкевар нийса дуйла».

9Оцу бехкана тӀетайра важа жуьгтий а, цо аьлларг дерриг а бакъ ду аьлла.

ПахӀала Пелакъна хьалха ша бехказавоккхуш дина къамел

10Мехкан куьйгалхочо пурба делча, ПахӀала жоп делира: «Дуккха а шерашкахь кху халкъана тӀехь хьо кхелахо вуй а хууш, со хазахетарца бехказавала хьожур ву. 11Хьуна хаа хала хир дац, со шийтта де ца кхоччуш хьалха Ярушалайме Далла Ӏибадат дан веанийла. 12Я Делан цӀийнехь а, я жуьгтийн гуламан цӀеношкахь а, я гӀали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина. 13Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо. 14Амма цхьана хӀуманна тӀехь къера ву со: сайн дайн Далла гӀуллакх деш вогӀу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а – дерригенах а теша со. 15Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хӀорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан. 16Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гӀерта со Далла а, нахана а хьалха догцӀена хилархьама. 17 bДуккха а шераш девллачул тӀаьхьа Ярушалайме веана со, сайн халкъана юкъара къечарна хӀума кховдорхьама а, сагӀа даккхархьама а. 18 19Со цӀинваларан Ӏадатах чекхваьлча, Делан цӀийнан кертахь карийра Асиа-махкара масех жуьгтичунна. Соьца адамийн тоба яцара, я гӀовгӀа а ца йора цхьаммо а. Уьш бара хьуна хьалха хӀитто безарш, нагахь церан суна дуьхьал ала хӀума делахь. 20Я кхаьрга алийта, соьгахь хӀун харцо карийна шайна, со коьртачу кхеташонна хьалха лаьттачу хенахь. 21 cКхарна юкъахь лаьттачу хенахь ас чӀогӀа аьлла цхьа дош бахьана долуш дуй те хӀара: „Белларш денлуш хиларх теша аьлла, аша суна тахана кхел йо“, – аьлла».

22Дерригене ла а доьгӀна, цу хьехамах дерг шена дика хаьа дела, Пелакъа и гӀуллакх тӀаьхьатеттира. Цо элира: «ТӀеман коьрта хьаькам Лоса схьавеача, ас къастор ду шун гӀуллакх». 23Юха цо тӀеман хьаькаме омра дира, ПахӀал ларве, амма паргӀат а вита, накъосташна цуьнан гӀайгӀа бан новкъарло а ма е аьлла.

ПахӀал Кхесрин-гӀалахь чувоьллина латтаво

24Масех де даьлча, жуьгти йолчу, шен зудчуьнца Дурсалица веанчу Пелакъа, ПахӀале схьа а кхайкхийтина, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах долчу тешарх лаьцна цуьнга дийцийтира. 25ПахӀала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХӀинца дӀагӀо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо». 26Цул сов иза сатесна вара ПахӀала ша дӀахоьцург ахча лург хиларе, цундела, кест-кеста схьа а кхойкхуш, цуьнца къамел дора цо. 27Ши шо даьлча, Пелакъан метта Порка Висита цӀе йолу куьйгалхо веара. Жуьгташна там бархьама ПахӀал чувоьллина витира Пелакъа.
Copyright information for CheCAC2012