Acts 26
ПахӀала АгӀарипа-паччахьна хьалха дина къамел
1ТӀаккха АгӀарипа-паччахьо элира ПахӀале: «Къамел дан мегар ду хьуна», – аьлла. ПахӀала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира: 2«Паччахь АгӀарипа! Жуьгташа сайна дуьхьал дуьйцучунна тахана хьуна хьалха сайн бехказавала аьтто хиларна со ирс долуш хета суна, 3хьо жуьгтийн гӀиллакхаш а, къовсаме долу хӀуманаш а девзаш хиларна муххале а. Цундела доьху хьоьга собарца сайга ладогӀар. 4Массо а жуьгташна хаьа, со жима волуш дуьйна а сайн халкъана юкъахь а, юха Ярушалаймехь а муха ваьхна. 5 aЦарна со вевза дуккха а хан ю, цундела церан тоьшалла дан йиш ю, шайна лиъча, со парушхо а хилла, вайн динаца догӀуш долу уггар къовламе хьехамца вехаш Ӏаш хилар. 6ХӀинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна. 7Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гӀуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь. 8Хила йиш йоцуш хӀунда хета шуна Дала беллачуьра нах денбар? 9 bСо а вара тешна, Назартарчу Ӏийсах лаьцна долчунна дуьхьал дуккха а хӀума дан деза аьлла. 10И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Ӏийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора. 11Ас таӀзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цӀеношкахь, уьш шайн дина тӀера юхабовлийта гӀерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгӀазалла сел чӀогӀа хиларна, кхечу гӀаланашка а воьдура со уьш схьалеца».ПахӀала ша Далла тӀеверзарх лаьцна дуьйцу
(Векалийн 9:1-19; 22:6-16)
12«Оцу гӀуллакхна цкъа Дамасакхе воьдуш вара со, динан коьртачу дайшкара бакъонаш а яьхна, цара тӀедехкина декхарш а эцна. 13Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогӀуш, стигалара цӀеххьана малхачул а чӀогӀа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хӀоьттира. 14Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хӀунда до ахь?“ 15Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“ Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Ӏийса ву. 16ХьалагӀатта когаш тӀе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гӀуллакх кхочушдархо а вина, дӀахӀотто. 17Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кӀелхьарвоккхур ву хьо. 18Церан бӀаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тӀера Далла тӀеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».ПахӀала жуьгташка а, кхечу къаьмнийн нахе а дина тоьшалла
19«Цундела, АгӀарипа-паччахь, ас дуьхьало ца йира стигалара сайна хӀоьттинчу бӀарлагӀина. 20 cСо кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхӀуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тӀе берзийтархьама, шайн гӀуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама. 21Цу бахьаненна, Делан цӀа чохь волуш, схьа а лаьцна, со вен гӀоьртира жуьгтий. 22Амма Дала гӀо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гӀоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хӀумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен: 23 dДала леррина Къобалвинарг, баланаш а хьегна, кхелхинчул тӀаьхьа, беллачех гӀаьттина хьалхарниг хир ву. Цо яхьар ю серло жуьгтийн халкъана а, кхечу къаьмнийн нахана а».ПахӀал АгӀарипа-паччахь тешо гӀерта
24ПахӀалан къамел чекхдалале Виситас чӀоггӀа элира: «ПахӀал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!» 25«Со хьераваьлла вац, лоруш волу Висита, – аьлла, жоп делира ПахӀала. – Ас дуьйцург нийса а, хьекъале а ду. 26АгӀарипа-паччахьна дика девза хӀара санна гӀуллакхаш, цундела ас паргӀат дуьйцу цуьнца. Со тешна ву, цуьнан тидамера хӀумма а даьлла дац, хӀунда аьлча хӀара дерриг а ломал дехьа хилла дац, массеран а бӀаьргашна хьалха хилла ду. 27Паччахь АгӀарипа, пайхамарех теший хьо? Хаьа суна, хьо теший». 28ТӀаккха АгӀарипас элира ПахӀале: «Иштта атта со Ӏийсах тешначех дӀакхетар ву моьтту хьуна?» 29«Хьесапе дац, атта я хала ду иза, – жоп делира ПахӀала, – амма ас Деле доьху, хьо хилла ца Ӏаш, массо а тахана соьга ладугӀушверг, со санна, хилийта бохуш, амма гӀоьмаш тоьхна тутмакхаш ца хуьлуш». 30ТӀаккха паччахь хьалагӀаьттира, цуьнца цхьаьна хьалагӀевттира мехкан куьйгалхо а, Беруника а, берриш а цаьрца Ӏийнарш а. 31Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина». 32АгӀарипас элира Висите: «И стаг хӀинцца дӀахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта лаьа шена ца аьллехь».
Copyright information for
CheCAC2012