Acts 28
Мелита-гӀайре тӀехь сацар
1Берда тӀехь кӀелхьардевлча, тхуна хиира гӀайренан цӀе Мелита юйла. 2Цигарчу бахархоша чӀогӀа дика тӀеийцира тхо. ДогӀа а деана, шелъелча, цӀе а латийна, цунна улло дохдала тӀекхайкхира цара тхоьга. 3ПахӀала цхьа цӀов чӀийш гулдира. Цо уьш цӀерга кхиссича, йовхонах бедда лаьхьа, цунна це а тоьхна, куьйгах хьаьрчира. 4ПахӀалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХӀорда чохь иза ца веллехь а, хӀинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза». 5Амма ПахӀална цхьа а тайпа лазош хӀума ца хааделира, цо лаьхьа цӀерга ластийра. 6Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цӀеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Ӏийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахӀална хӀумма а ца хилира. ТӀаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла. 7Цу меттигна гена боццуш Палаби цӀе йолуш волчу гӀайренан хьаькаман бахам бара. Тхо ша волчу а кхайкхина, кхаа дийнахь тхуна хьошалла лелош, комаьрша хӀусамда хилира иза. 8Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахӀала, доӀа а дина, цомгушниг товира, тӀе куьйгаш а дехкина. 9И хиллачул тӀаьхьа гӀайре тӀера бисина болу цомгуш нах а богӀура. Царна а дарба дора ПахӀала. 10ГӀайре тӀера бахархоша чӀогӀа ларам бира тхан. Тхо дӀадаха кечлуш, цара тхуна дерриг а оьшург деара.Мелитера Риме бина некъ
11Цигахь кхо бутт баьккхинчул тӀаьхьа, цу гӀайре тӀехь Ӏа доккхуш хиллачу, шех Диоскураш ▼▼Диоскураш – Зевс-цӀунан шала вина ши кӀант.
олучу Искандар-гӀалара догӀучу хӀордкеманна тӀехь дӀадахара тхо. 12СуьракӀоз-гӀала а кхаьчна, цигахь кхо де даьккхира оха. 13Цигара дӀадахча, Риги олучу гӀала кхечира тхо. Цхьа де даьлча, къилбера мох хьаькхира. ШолгӀачу дийнахь тхо Путола-гӀала кхечира. 14Цигахь динан вежарий а карийна, церан дехарца кӀира даьккхира оха цаьрца. Цул тӀаьхьа тхо Рим-гӀала даьхкира. 15Цигара динан вежарий, тхо догӀу аьлла хезна, Аппи цӀе йолчу майданахь а, хьешан кхо цӀенош долчохь а дуьхьалбаьхкира тхуна. Уьш гича, Далла хастам а бина, дог иракарахӀоьттира ПахӀалан. ПахӀала Римехь хьехам бо
16Римехь ПахӀална къаьстина Ӏе бакъо елира, амма тӀемалочо ларвеш вара иза. 17Кхин кхо де даьлча, жуьгташна юкъара куьйгалхой гулбира цо. Уьш схьабаьхкича, ПахӀала элира цаьрга: «Вежарий! Вайн халкъана а, цуьнан гӀиллакхашна а дуьхьал ас хӀумма а ца диннашехь, Ярушалаймехь, схьа а лаьцна, римхошка дӀавелира со. 18Цара, барт а хаьттина, вел бахьана соьгара ца даьллий хиъча, со дӀахеца сацам бира. 19 bЖуьгтий дуьхьал бара цу сацамна, цундела Рим-мехкан паччахье кхел е аьлла, дехар дан дийзира сан. Амма ас цхьана а хӀуманна тӀехь бехке ца до сайн халкъ. 20Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хӀунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хӀара гӀоьмаш». 21Цара элира ПахӀале: «ЯхӀуд-махкара хьох лаьцна цхьа а кехат ца кхаьчна тхоьга. Цигара баьхкинчу вайн вежарех цхьаммо а хьох хаам а ца бина, я вониг а ца аьлла хьох лаьцна. 22Амма тхуна хьоьгара хаа лаьара хьуна хетарг, хӀунда аьлча цу динан тобанах лаьцна массанхьа а дукха къийсамаш бу бохуш, хезнера тхуна». 23Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахӀал сецначу цӀийне. Ӏуьйранна дӀаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Ӏийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гӀерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тӀера а, пайхамарша дӀаяздинчунна тӀера а тоьшаллаш а далош. 24Цхьаберш тешара цо дуьйцучух, вукхарна и бакъ ца хетара. 25Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дӀабаха гӀерташ болчу хенахь, ПахӀала элира хӀара тӀаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула шун дайшка: 26 c„Цу халкъана тӀе а гӀой, ала цаьрга:Шайн лергашца ладугӀур ду аш, амма кхетар дац шу,
шайн бӀаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.
27ХӀунда аьлча дегнаш чӀагӀделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бӀаьргаш а къевлина ду церан.
Цундела бӀаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш.
Суна тӀебирзича, Ас дарба дийр дара царна“».
28«ДӀахоуьйла шуна, Дала кӀелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду» ▼
▼Цхьадолчу тӀаьхьарчу тептарш тӀехь 29-гӀа аят тӀетоьхна ду: Цо и аьлча, чӀогӀа къийса а къуьйсуш, дӀабахара жуьгтий.
. 29– 30Дийнна шина шарахь ша мах лучу цӀенош чохь Ӏийра ПахӀал. ПахӀала шена тӀебаьхкинарш берриш а тӀеоьцура. 31Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Ӏийсах лаьцна хьехам бора цо.
Copyright information for
CheCAC2012