‏ Acts 1:6-8

Ӏийса стигала хьалаваккхар

6Мурдаша, гул а белла, хаьттира Ӏийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахӀоттайо хан тӀе ца кхаьчна?» – аьлла.

7Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гӀуллакх дац. 8 aАмма шуна тӀе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхӀуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а».
Copyright information for CheCAC2012