aАрадаккхар 1:7; Арадаккхар 12:51.
m ЕшаӀ-ЯхӀу 55:3 (Грекийн).
n Забур 15:10.
o Хьабукъа 1:5 (Грекийн).
Acts 13
Бар-Нааб а, Шаул а Далла гӀуллакх дан вахийтар
1Антиохехь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Ӏелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Ӏаьржаниг олу ШамӀа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХӀародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. 2Цкъа уьш Везачу Элана гӀуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гӀуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла. 3Далла гӀуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тӀе куьйгаш а дехкина, доӀа а дина, тӀедиллина гӀуллакх кхочушдан дӀавахийтира цара и шиъ.Векалша Кипрехь хьехам бо
4Делан Сино вахийтина и ши векал Селевке кхечира, ткъа цигара хӀордкеманца Кипре дехьавелира. 5Салам-гӀала схьа а баьхкина, цигахь жуьгтийн гуламан цӀеношкахь Делан Дош хьоьхура цара. Царна гӀо деш Яхьъя а вара цаьрца. 6Ерриг а гӀайре тӀехула чекх а бевлла, ПатӀосе баьхкира уьш. Цигахь царна карийра жуьгтийн бозбунча а, харц шайх а волу Бар-ЮшаӀ. Цуьнан кхин а, Хьалом олий, цӀе йоккхура. 7Римхойн проконсул Серги ПахӀал волчохь гӀуллакх деш вара иза. Проконсул хьекъал долуш стаг вара, шена Делан Дош хаза лаарна цо Бар-Наабе а, Шауле а схьакхайкхийтира. 8Амма Хьалом (гочйича и цӀе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза. 9ТӀаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахӀал олий, кхин цӀе а йоккхура), нийсса Хьаломе дӀа а хьаьжна, элира: 10«Иблисан кӀант а, нийса долчун мостагӀа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кӀордор дац те хьуна цкъа а? 11Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бӀаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо». Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДӀа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дӀавигийта цхьаъ лоьхуш. 12И хилларг а гина, Везачу Элах болчу хьехамах цецваьлла, Ӏийсах тийшира проконсул.Писидийн Антиохехь
13ПатӀосера ПахӀал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гӀала бахара хӀордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. 14Пергера дӀа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийне а баьхкина, охьахевшира уьш. 15Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тӀаьхьа гуламан цӀийнан хьаькамаша кхарна тӀе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хӀума ала шун делахь, ала шайна», – аьлла. 16ПахӀала, хьала а гӀаьттина, куьйган эшарца нехан гӀовгӀанаш а совцийна, элира: «Исраилхой а, Далла Ӏибадат деш болу хийрачу мехкашкара нах а, ладогӀалаш соьга! 17 aИсраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна. 18 bЯьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала. 19 cКанаӀанехь, ворхӀ халкъ хӀаллак а дина, церан латта Ша къастийначу халкъан доладаьккхина Цо. 20 dИ дерриг а хилла диъ бӀе шовзткъе итт шеран хенан йохалла. Цул тӀаьхьа Шамъал-пайхамар куьйгалле ва̄ллалц Дала кхелахой белла царна. 21 eЮха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Къушин кӀант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина. 22 fЦул тӀаьхьа Шаул дӀа а ваьккхина, Дала Дауд хӀоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кӀант карийна, и стаг Сан даго тӀелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гӀуллакхаш“. 23Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тӀаьхьенах волу Ӏийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. 24 gӀийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла. 25 hШена тӀедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хӀан-хӀа, Иза сол тӀаьхьа вогӀур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац“. 26Вежарий, ИбрахӀиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кӀелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара! 27Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Ӏийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хӀора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира. 28 iИза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийра царна, амма Пулатера бакъо йийхира цара Иза хӀаллаквайта. 29 jЦунах лаьцна хир ду аьлларг дерриг а кхочушдича, Иза жӀарах дӀатоьхначуьра охьа а ваьккхина, къубба чу виллира цара. 30Амма Дала веллачуьра денвира Иза. 31 kКхин а дуккха а деношкахь Цуьнца Галилайра Ярушалайме баьхкинчарна гира Иза. Уьш хӀинца Цуьнан тешаш бу вайн халкъана хьалха. 32Дала вайн дайшна дийр ду аьлла дикачух хаза кхаъ кхайкхош бу оха хӀинца. 33 lӀийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгӀачу назми тӀехь яздина ду: „Хьо Сан кӀант ву,тахана Хьан Да хили Сох“.
34 mДала Иза веллачуьра денвина, Цуьнан дегӀана цкъа а талхар ца гайта. Цо аьлла оцунах лаьцна ишттачу дешнашца: „Даудана ваӀда деш аьлла долу сийлахь а, гуттар хиндолу а диканаш лур ду шуна“.
35 nКхечу меттехь яздина ду: „Ахьа Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац“.
36Амма Делан лаам кхочушбеш гӀуллакх дина волчу Даудан дегӀ кхелхинчул тӀаьхьа телхина дӀаделира. Иза шен дайшна уллохь дӀавоьллина вара. 37Ткъа Дала веллачуьра Денвиначунна дегӀан талхар ца гайтира! 38– 39Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХӀора Ӏийсах тешаш верг массо а хӀуманна тӀехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. 40Хьовсалаш, шайца, пайхамарша ма-аллара, ца хилийта: 41 o„Хьовсал, кхаьрдаш дерш!
Шу, цец а девлла, лийр ду.
Аса шун деношкахь шайна дийцича а,
цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду“».
42ПахӀале а, Бар-Наабе а гуламан цӀийнера и шиъ дӀавоьдуш, дийхира, тӀедогӀучу шоьтан дийнахь хӀинца дийцинчух лаций дийца юха а вола аьлла. 43Гулам дӀабирзира, амма дуккха а жуьгтий а, жуьгтийн дин тӀеэцна Далла Ӏибадат деш болу нах а ПахӀалний, Бар-Наабаний тӀаьхьабахара. Цу шиммо къамел дора цаьрца, Делан ниӀматехь хила бохуш, тешабора. 44Вукху шоьтан дийнахь ерриг аьлла гӀала гулъелира Везачу Элан даше ладогӀа. 45Цига мел адам деана гича, хьогӀах буьзира жуьгтий. ПахӀала дуьйцург емалдора цара оьзда доцучу хабарца. 46ТӀаккха ПахӀала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тӀе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. 47 pИ тӀедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина,
Хьоьгахула дуьненан массо а маьӀӀе кӀелхьардовлар кхачийта“».
48И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Ӏийсах тийшира. 49Везачу Элан дош цу меттехула дӀасадаьржаш дара. 50Амма жуьгташа, Далла гӀуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гӀалара хьалхара нах а хьала а гӀовттийна, ПахӀал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира. 51 qЦу гӀалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тӀера чан дӀа а егийна, векалш Иконе бахара. 52Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара.
Copyright information for
CheCAC2012