aАрадаккхар 20:11; Забур 146:6.
Acts 14
Икони-гӀалахь
1Иконехь ПахӀал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цӀа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Ӏийсах тийшира. 2Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Ӏийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш. 3ПахӀала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чӀагӀбора Везачу Эло. 4ГӀалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш – векалшкахьа. 5Кхечу къаьмнех болчу нехан а, жуьгтийн а шайн хьаькамашца цхьаьна барт хилира векалш сийсаз а бина, царна тӀулгаш детта. 6Иза хаа а хиъна, гӀалара дӀабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цӀе йолчу гӀаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира. 7Цигахь хаза кхаъ кхайкхабора цара.Листар-гӀалахь
8Листарехь Ӏаш цхьа стаг вара, винчу хенахь дуьйна а когаш лелаш а боцуш, цкъа дӀа а волавалаза. 9Цо а ладугӀура ПахӀала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахӀална гира цуьнан шен товаларх болу тешам. 10«Когаш тӀе хьалагӀатта!» – элира цо заьӀапчуьнга. И стаг, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира. 11ПахӀала динарг а гина, ликонан маттахь маьхьарий хьекха хӀиттира нах: «Вай долчу адамийн суьртехь деланаш баьхкина!» – бохуш. 12Цара Бар-Наабах Зевс элира, ПахӀалах ХӀерми элира, хӀунда аьлча цо къамел алсамо дора. 13Зевс цӀе йолчу цӀунна лерина цӀа дара гӀаланал арахьа. Цу цӀа чохь гӀуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гӀалин кевне, нахаца векалшна лерина сагӀа даккхархьама. 14И шайна хезча, тӀера хӀуманаш а этӀош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахӀала а: 15 a«ХӀара хӀун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цӀушна тӀера стигал а, латта а, хӀордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тӀедерзийтархьама. 16Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела, 17амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догӀа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу». 18И дешнаш аьлча а, кхарна тӀера сагӀа даккха гӀерташ болу нах халла совцабелира векалшка. 19Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тӀеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахӀална тӀулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гӀаланах араваьккхира цара. 20Амма мурдаш шена гонах гулбелча, ПахӀал, хьала а гӀаьттина, гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь Бар-Наабаца Дерба олучу меттиге дӀавахара иза.Сири-махкахь йолчу Антиохе векалш юхабахкар
21Цу гӀалахь хаза кхаъ а кхайкхийна, дуккха а мурдаш карийра царна. Цул тӀаьхьа векалш Листаре а, Иконе а, Антиохе а юхабаьхкира. 22Цигахь, мурдаш дегнашца чӀагӀбеш, шайн тешарехь чӀогӀа хила бохуш, Ӏамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. 23Ӏийсах тешачийн хӀора тобанехь тхьамданаш а хӀиттийна, марханаш а кхобуш, доӀанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша. 24Цул тӀаьхьа, Писида-гӀалех чекх а бевлла, Пампили-махка баьхкира уьш. 25Перга-гӀалахь хьехам чекх а баьккхина, Аттали-гӀала бахара векалш. 26Ткъа Атталера хӀордкеманца уьш Антиохе дӀабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тӀедиллина гӀуллакх дархьама. И гӀуллакх цара хӀинца кхочуш а дира. 27Юха а баьхкина, Ӏийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неӀ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а. 28Уьш цигахь мурдашца еххачу хенахь Ӏийра.
Copyright information for
CheCAC2012