‏ Acts 16

Тимапи ПахӀалах а, Салих а дӀакхетар

1ПахӀал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Тимапи цӀе а йолуш. Цуьнан нана Ӏийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. 2Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна. 3Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахӀала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Ӏаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хӀунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла. 4ГӀалара гӀала а воьдуш, ПахӀала а, Тимапис а Ярушалаймехь векалша а, тхьамданаша а кхечу къаьмнийн нахана хьарам дина тӀедиллинарг дӀахоуьйтура. 5Цу гӀуллакхо Ӏийсах тешачийн тобанаш иракарахӀиттайора, церан тешар чӀагӀдора, денна а и тобанаш стамлора, Ӏийсах тешнарш алсамбовлуш.

ПахӀална, сурт хӀоьттича, Македонера стаг го

6Делан Сино бакъо ца елира ПахӀалгӀарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара. 7Миси-мехкан дозанна тӀекхаьчча, церан лаам хилира Битхьуни-махка баха, амма Ӏийсан Сино ца магийра царна иза. 8ТӀаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гӀала баьхкира. 9Буьйсанна, сурт а хӀоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахӀална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гӀо дехьа», – аьлла. 10И сурт хӀоьттинчул тӀаьхьа тхан сацам хилира, Дала тхоьга кхойкху, царна хаза кхаъ бовзийта аьлла. Тхо цу сохьта Македоне даха новкъа девлира.

Пилап-гӀалара Лидия Далла тӀе ерзар

11Троя-гӀалара тхо нийсса Самотраке дӀакхечира, ткъа цигара шолгӀачу дийнахь грекийн Неаполе дахара. 12Неаполера дӀа тхан некъ римхой Ӏаш болчу Македон-мехкан коьртачу гӀала Пилапе бара. Цу гӀалахь оха масех де даьккхира. 13Шоьтан дийнахь, гӀалин кевнах ара а девлла, хи тӀе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доӀане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо. 14Царна юкъахь Тхьайтир-гӀалара еана, Лидия цӀе йолуш цхьа зуда яра. Иза цӀен деза кӀадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахӀале ладоьгӀучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахӀала дуьйцучух тешийтархьама. 15Цо а, цуьнан цӀерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хӀусаме а дуьйлий, хьошалгӀахь Ӏе», – аьлла. Тхо и йолчу дахара.

Пилап-гӀалахь ПахӀал а, Сали а дӀалоцу

16Цкъа доӀа дечу метте тхо дӀадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоӀ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хӀусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш. 17ПахӀална а, тхуна а тӀаьхьа а йогӀуш, мохь беттара цу йоӀа: «ХӀара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КӀелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хӀорш!» – бохуш. 18Цо хӀора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахӀала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан олаллин цӀарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!»

Цу сохьта жин йоӀанна чуьра араделира.
19ХӀусамдай кхийтира йоӀа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахӀал а, Сали а, схьа а лаьцна, гӀалин хьаькамашна тӀе майдане дӀатакхийра. 20Римхойн кхелахошна тӀе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХӀара нах жуьгтий бу. ХӀорш бахьана долуш вайн гӀалахь синтеме дац. 21Кхара дуьйцуш долу гӀиллакхаш вайна, римхошна, я тӀеэца а, я лело а товш дац». 22Гулбелларш, бехкаш дохучарна тӀе а тайна, ПахӀална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тӀера хӀуманаш дӀа а яхий, кхарна гӀожмаш етта элира. 23ЧӀогӀа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гӀаролан хьаькаме леррина хӀорш ларбе а аьлла. 24И омра хезча, гӀаролан хьаькамо уьш чуьрчу цӀа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна.

25Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахӀал а, Сали а доӀанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугӀуш бара. 26ЦӀеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чӀогӀа мохк бегийра. Массо а неӀ дӀаеллаелира, массо а тутмакхийн гӀоьмаш охьаийгира. 27Самаваьллачу гӀаролан хьаькамна массо а неӀ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гӀерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда. 28Амма ПахӀал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хӀаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» – аьлла.

29«Серло я!» – аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахӀална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза. 30И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хӀун дан деза? Муха кӀелхьарвала веза со?» – аьлла.

31«Везачу Элах Ӏийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тӀаккха хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу». 32ТӀаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цӀерачарна а. 33Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цӀерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира. 34Юха уьш шен цӀа а бигна, царна шун хӀоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цӀерачаьрца хазахеташ вара, хӀунда аьлча иза Делах тешнера.

35Де тӀекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дӀахеца», – аьлла.

36Набахтин хьаькамо элира ПахӀале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дӀахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дӀаваха йиш йолуш ву!»

37Амма ПахӀала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой
Риман вахархо – Рим-пачхьалкхо схьабаьхначу мехкашкахь массарна а луш яцара и цӀе. И цӀе я ахча делла, я дегара тӀаьхьене луш яра. Цу цӀаро дуккха а бакъонаш лора иза йолчунна.
доллушехь. Ткъа хӀинца тхо къайлаха дӀахеца гӀерта уьш? ХӀан-хӀа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара».

38Эпсарша дӀаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахӀал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира. 39Схьа а баьхкина, хӀара шиъ къинтӀера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гӀалара дӀагӀахьара аьлла, дехар а дина. 40Набахтера араваьлча, ПахӀал а, Сали а Лидиян цӀа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахӀиттийра цара. Цул тӀаьхьа хӀорш кхин дӀа а бахара.
Copyright information for CheCAC2012