‏ Acts 18:19-21

19Уьш Эпас-гӀала кхечира. ПхьаьрскӀилата а, Ӏакхила а цигахь сецира. ПахӀал ша жуьгтийн гуламан цӀийне вахара, жуьгташца къамел дархьама. 20Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Ӏе аьлла, амма иза реза ца хилира. 21Ткъа, дӀавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогӀур ву шу долчу». Цул тӀаьхьа иза хӀордкеманца Эпас-гӀалара дӀавахара.
Copyright information for CheCAC2012