‏ Acts 18:24-28

Апа-Леса

24Апа-Леса цӀе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гӀала. Иза Искандар-гӀалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза. 25Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Ӏийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь. 26Цо майрра дуьйцура гуламан цӀийнехь. ПхьаьрскӀилатана а, Ӏакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цӀа дӀа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна. 27Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гӀонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хӀара тӀеэца аьлла. Цига ша дӀакхаьчча, цо доккха гӀо дира Делан лаамца Ӏийсах тешначарна. 28Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тӀе а чӀагӀдеш, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.
Copyright information for CheCAC2012