‏ Acts 19

ПахӀал Эпас-гӀалахь

1Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гӀала веара ПахӀал. Цигахь масех мурд а карийна, 2цо хаьттира: «Шаьш Ӏийсах тешначу хенахь Делан Са тӀеийцирий аша?» – аьлла.

Цара элира цуьнга: «Тхуна-м ца хезна Делан Са адамашна тӀедуссу бохуш».

3«ТӀаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» – аьлла, хаьттира цо.

«Яхьъяс Ӏама ма-дарра хилла-кх», – аьлла, жоп делира цара.

4 aЮха ПахӀала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тӀевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТӀаьхьавогӀучух тешаре, ма-дарра аьлча, Ӏийсах тешаре».

5И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Ӏийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира. 6ПахӀала тӀе куьйгаш а дехкина, царна тӀе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хӀиттира. 7Уьш верриг а шийтта гергга стаг вара.

8ПахӀала жуьгтийн гуламан цӀийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гӀерташ. 9Амма царах цхьаберш, дар а белла, Ӏийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахӀал уьш болчуьра дӀавахара, шеца Ӏийсан мурдаш а эцна. Цо хӀора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цӀийнехь. 10Иштта шина шарахь хилира, цундела Асиа-махкахь бехачу берриг а жуьгташна а, грекашна а Везачу Элах долу дош хезнера.

Динан коьртачу ден Сакхавин ворхӀ кӀант

11Дала ПахӀалан куьйгашца инзаре хӀуманаш дора. 12Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дӀа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тӀейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.

13ГӀалара гӀала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тӀехӀиттича, Везачу Элан Ӏийсан цӀе йоккхуш хуьлура: «ПахӀала Шех лаьцна дуьйцучу Ӏийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», – олий. 14Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхӀ кӀанта а.

15Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Ӏийса а къобалво, ПахӀал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла.

16И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хӀуманаш, этӀош, дӀа а кхийсина, царна тӀехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цӀа чуьра аралилхира вежарий. 17И хилларг Эпас-гӀалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чӀогӀа кхерабеллера. Везачу Элан Ӏийсан цӀе кхин а сов лорура цара. 18Дуккха а Ӏийсах тешнарш богӀура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а. 19Ткъа бозбунчалла лелийначу дуккха а наха, шайн тептарш гул а дина, массарна а хьалха дагийра. Церан мах лерича, иза бара шовзткъе итт эзар драхма цӀе йолу дато ахча. 20И тамашийна хиламаш бахьана долуш Везачу Элах долу дош шуьйра даьржаш а, нуьцкъала хуьлуш а дара.

Эпас-гӀала карзахъялар

21И хӀума хиллачул тӀаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахӀала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла. 22Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира.

23Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира. 24Дамарти цӀе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Ӏаш. Цо детих Артеми цӀе йолчу цӀунна лерина кегийра цӀенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура. 25Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла. 26Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахӀала хӀокху Эпас-гӀалахь хилла ца Ӏаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш. 27Вайна хӀоьттина болу кхерам, хӀара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Ӏа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цӀа хӀумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду».

28И къамел а хезна, оьгӀазбахана уьш маьхьарий хьекха хӀиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш. 29Ерриг а гӀала карзахъелира. Адамаш гӀалахь нах гуллучу метте – театре дӀахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахӀалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна. 30ПахӀал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза. 31Цу хенахь Эпас-гӀалахь Ӏаш болчу кхуьнан доттагӀаша, Асиин маьӀ-маьӀӀерачу меттигашкара куьйгалхоша шайн хьадалчаш бахкийтира нах гулбеллачу ма гӀахьара аьлла. 32Цу хенахь вовшахкхетта нах боьхна бара. Цхьаболчара, цхьаъ бохуш, маьхьарий деттара, вукхара – важа, ткъа дукхахболчарна шаьш хӀунда гулделла а ца хаьара. 33Жуьгташа аларца нахана юкъара Искандар цӀе йолу цхьа стаг схьаваьккхира. Иза, куьг а айина, адамийн гӀовгӀа сацо гӀоьртира, дерг дийцархьама. 34Амма иза жуьгти вуй хиъча, наха цхьабосса маьхьарий хьаькхира. Шина сахьтехь гергга диттира цара маьхьарий: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш.

35ГӀалара йозанчас дӀатедира адам: «Эпасера нах! Дуьнен чохь хьанна ца хаьа, Эпас-гӀала сийлахьчу Артемин цӀа а, стигалара охьабоьжна, беза лоруш болу тӀулг а ларбеш юйла? 36Цуьнан шеко йоцу дела шу синтеме а, сих ца луш а хила деза. 37Аша кхуза хӀара ши стаг валийна, амма кхара вайн Артемин цӀа чуьра хӀумма а ца лачкъийна, я цунна лен а ца лийна хӀорш. 38Нагахь санна Дамарти а, цуьнца болу кхин пхьераш а цхьаъ бехке хеташ белахь, царна кхел а ю, кхелахой а бу: вовшашка кхеле кхайкха, шайна лаахь. 39Нагахь санна шун кхин ала а, хатта а хӀума делахь, иза вай чӀагӀбинчу гуламехь къастор ду. 40Тахана хиллачу хӀокху гӀовгӀанашна вай бехке дарна кхерам бу. Цхьа а бахьана дац хӀара хилларг нийса дара ала». Иза а аьлла, цо адам дӀадахийтира.
Copyright information for CheCAC2012