a Юал 2:28-32 (Грекийн).
Acts 2:17-21
17 a„ТӀаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе.ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу.
Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хӀуьттуш хир бу,
ткъа баккхийнаш Делера долу гӀенаш гуш хир бу.
18Сайн ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь,
тӀаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду.
19Аса стигалан Ӏаьрчашкахь а,
лаьтта тӀехь а тамашийна хӀуманаш гойтур ду:
цӀий, цӀе, кӀуьран мархаш.
20Везачу Элан сийлахь де тӀекхачале
малхах бода хир бу,
баттах цӀий хир ду.
21Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг
кӀелхьарвоккхур ву“.
Copyright information for
CheCAC2012