‏ Acts 20

ПахӀал Македонийн махкахь а, Грекийн махкахь а

1Адамийн карзахдийларш дӀасевцча, Ӏийсан мурдаш схьа а кхайкхина, цаьрга дог иракарахӀоттош къамел а дина, церан Ӏодика а йина, Македоне дӀавахара ПахӀал. 2Ша воьдучу новкъахь нахана тӀекхаьч-кхаьчначохь Ӏийсах тешачийн дог ойуш дерг дуьйцура цо. Юха иза грекийн махка веара. 3Цигахь цо кхо бутт баьккхира. Сири-махка иза дӀаваха кечвеллачу хенахь жуьгташа къайлаха барт бира цунна дуьхьал. Цо сацам бира, Македонехула Сири-махка юхаваха. 4Цуьнца бара накъостий: Берия-гӀалара Пирран кӀант Сопатар а, Тассалник-гӀалара Арестах а, Секант а, Дерби-гӀалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихӀак а, ТрахӀим а. 5Уьш, хьалххе дӀа а бахана, Троя-гӀалахь тхоьга хьоьжуш Ӏаш бара. 6Пилап-гӀалара хӀордкеманца дӀадахара тхо
Тхо – кхидӀа дуьйцуш яздархо дакъалоцуш ву, цундела дийцар хьалхарчу юьхьера ду.
, совсазчу баьпкан деза денош дӀадевлча. Пхи де даьлча, Троя-гӀалахь царах дӀа а кхетта, цигахь кӀира даьккхира оха.

ПахӀала Троя-гӀалин Ӏодика йо

7КӀийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахӀала къамел дира тхоьца. ШолгӀачу дийнахь дӀаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Ӏийра хьехамаш беш. 8Лакха тӀехь, тхо гулделлачу цӀа чохь, дуккха а къуьданаш яра. 9ПахӀала шен хьехам бечу хенахь корехь хиъна Ӏачу Овтах цӀе йолчу жимачу стагана наб озийра. Эххар а наб кхетта волу иза кхозлагӀчу гӀат тӀера корехула чувуьйжира. Меттахъхьавича, иза велла карийра. 10Чувоьссинчу ПахӀала, тӀе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», – аьлла. 11Хьалаваьлла, царна бепиг а декъна, хӀума йиира цо. Сахиллалц цаьрца къамел деш а Ӏийна, дӀавахара иза. 12Денвелла волу жима стаг цӀа вигира. Массарна а цунах боккха синтем белира.

Троя-гӀалара Милет-гӀала дахар

13Тхо хӀордкеманца Асс-гӀала дахара, цигара ПахӀал схьаэцархьама. ГӀаш цига ваха ойла йолчу цо, и гӀуллакх иштта кхочушде аьлла, тӀедиллинера тхуна. 14Асс-гӀалахь тхаьш вовшахкхетча, иза тхешан кеманна тӀе хьала а ваьккхина, Митилена-гӀала дӀадахара тхо. 15ШолгӀачу дийнахь цигара дӀа а дахана, Хиос-гӀайренна гена доццуш севцира тхо. КхоалгӀачу дийнахь, хил дехьа а девлла, Самос-гӀайрен юххехь севцира, ткъа кхин цхьа де даьлча, Милет-гӀала кхечира. 16Ша сиха хиларна, Асиа-махкахь кхин хан а ца йойуш, Эпас-гӀалина чу а ца воьрзуш, тӀехвала сацам хилира ПахӀалан. Цунна лаьара, аьтто балахь, жуьгтийн ШавуӀот цӀе йолу ялта чудерзоран деза де тӀекхачале Ярушалайме кхача.

Эпас-гӀалара Ӏийсах тешачийн куьйгалхойн Ӏодика яр

17Милет-гӀалара Эпас-гӀала нах бахийтира ПахӀала цигарчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка кхайкха. 18Уьш схьакхаьчча, цо элира цаьрга:

«Асиа-махка схьавеъначу дийнахь дуьйна со шайца муха Ӏийна хаьа шуна.
19Даггара Везачу Элана гӀуллакх дина ас, Цунна муьтӀахь а волуш, жуьгташа къайлаха барт бар бахьана долуш, баланаш а ловш, сингаттам тӀебеача, бӀаьрхиш а Ӏенош. 20Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цӀенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас. 21Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Ӏийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга. 22Ткъа хӀинца Делан Синан лаамца Ярушалайме воьду со. Цигахь сайга хӀун догӀу а ца хаьа суна. 23Цхьа хӀума хаьа суна, хӀора гӀалахь а Делан Сино олу соьга сан халонаш а, набахти а лан дезарх лаьцна. 24 bАмма сайн дахар цхьана а меха ца хета суна, Везачу Элера Ӏийсагара схьаэцна гӀуллакх – нахана Делан боккхачу къинхетамах болу хаза кхаъ дӀакхачор – кхочушдарца сайн дахаран некъ чекхбаьлчхьана.

25Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а – со шен цӀа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац. 26Цундела ас тахана дӀахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кӀелхьара ца валахь, 27хӀунда аьлча, шеко а йоцуш, хӀумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна. 28Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе. 29Суна хаьа, со шуна юкъара дӀавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац. 30Шуна юкъахь а хир бу бакъдерг харцахьадаьккхина нах, Ӏийсан мурдаш шайна тӀаьхьа хӀитторхьама. 31Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хӀоранга а бӀаьрхица дӀахьедина хилар дагахь латтаде.

32ХӀинца ас шу дӀало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Ӏалашдийр ду, хӀунда аьлча цо шу чӀагӀдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега. 33Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. 34Шуна шайна а хаьа, сан а, соьца болчеран а хьашташ кхочушдинарш хӀара куьйгаш дуйла. 35Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гӀийлачарна гӀо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Ӏийсан дешнаш: „ХӀума дӀадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“».

36Иза а аьлла, горахӀоьттина, массаьрца а доӀа дира цо. 37Массо а воьлхура, иза мара а вуьхкуш, цунна барташ а дохуш. 38Уьш сингаттаме бара, къаьсттина цо аьллачу дешнийн бахьаненна: «Со кхин гур вац шуна». Цул тӀаьхьа цара иза хӀордкеманна тӀе дӀакхетийра.
Copyright information for CheCAC2012