Acts 22
1«Вежарий, ладогӀалаш хӀинца ас аьндолчуьнга». 2ПахӀала шайга арамхойн мотт буьйцу хезча, нехан къамелаш кхин а лагӀделира. ТӀаккха цо элира: 3 a«Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гӀалахь вина волу, амма кхузахь, хӀокху гӀалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Ӏамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гӀуллакх деш вара со. 4 bӀийсан некъа тӀе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тӀе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура. 5Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гӀаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таӀзар дан нах схьабало. 6Амма новкъа вогӀуш, со Дамасакх-гӀалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах. 7Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?“ 8Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“ Цо элира соьга: „Со Назартера Ӏийса ву, ахь эккхийна лелош волу“. 9Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира. 10Ас хаьттира: „ХӀун де ас, Веза Эла?“ Везачу Эло элира: „Хьала а гӀаттий, Дамасакх-гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“. 11Суна хӀумма а ца гора, хӀунда аьлча къеггинчу серлоно бӀаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дӀавигира со. 12Далла муьтӀахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Ӏачу жуьгташа дика цӀе йоккхуш волу Хьанас цӀе йолчу стага, 13тӀе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“Цу сохьта суна Хьанас гира. 14Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. 15ХӀунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха. 16ХӀун деш Ӏа хьо? Хьала а гӀаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цӀанло, Везачу Эле Ӏийсага кхойкхуш“. 17Со Ярушалайме вухавеача, Делан цӀийнан кертахь доӀа дечу хенахь суна шовкъ еара: 18Суна Ӏийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хӀунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тӀеоьцур дац“. 19Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цӀеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а. 20 cХьан теш хиллачу Тапин цӀий Ӏеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гӀуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“. 21ТӀаккха Цо элира соьга: „ДӀавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечу къаьмнийн нах болчу“».ПахӀал а, тӀеман коьрта хьаькам а
22И дешнаш аллалц ладугӀуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хӀиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» – бохуш. 23Цара маьхьарий а хьоькхуш, тӀера хӀуманаш охьа а кхуьйсуш, оьгӀазбахана хӀаваэ чан кхуьйсучу хенахь, 24тӀеман коьртачу хьаькамо омра дира, ПахӀал гӀопе дӀа а вигина, барт хатта, шед а етташ, наха кхунна тӀе мохь мича бахьанина хьоькху хаархьама. 25Амма шед етта доьхкаршца ша дӀавихкинчу хенахь ПахӀала элира цигахь лаьттачу тӀеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?» 26Иза хезна, тӀеман хьаькамо, шел лакхарчунна тӀе а вахана, элира: «Хьо хӀун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву». 27Лакхарчу тӀеман хьаькамо, тӀе а веана, хаьттира ПахӀале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?» «Ву», – аьлла, жоп делира ПахӀала. 28Коьртачу тӀеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила». ПахӀала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо». 29Ша Риман вахархо дӀавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа. 30ШолгӀачу дийнахь жуьгташа ПахӀал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тӀера зӀенаш дӀа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахӀал, схьа а валийна, царна хьалха хӀоттийра тӀеман хьаькамо.
Copyright information for
CheCAC2012