‏ Acts 25

ПахӀал Виситина хьалха хӀутту

1Ша куьйгалхо хӀоьттина кхо де даьлча, Кхесрин-гӀалара Ярушалайме веара Висита. 2Динан коьрта дай а, жуьгташна юкъара лоруш болу нах а баьхкира цунна тӀе, ПахӀална арз дахьаш. Цара дехарш дора, 3къинхетам а бина, ПахӀал Ярушалайме схьавалавахьара бохуш. Ткъа новкъахь иза вен къайлаха барт бира цара. 4Виситас жоп делира, ПахӀал Кхесрин-гӀалахь чувоьллина ву, ша а кестта цига гӀур ву аьлла. 5«Шайна юкъара масех стаг ваийта соьца, – элира цо, – цаьрга хӀара стаг бехке вайта, нагахь кхуьнан бехк белахь».

6Цаьрца бархӀ-исс де а даьккхина, Висита Кхесрин-гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь, кхелахочун метте а хиъна, ПахӀал схьавалавайтира цо. 7Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хӀуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан. 8ПахӀала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цӀенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», – бохуш.

9Жуьгташна там болу агӀо лоьхуш, Виситас элира ПахӀале: «Ярушалайме ваха лаьий хьуна, соьга цигахь хьайна кхел яйта?»

10ПахӀала элира: «Со Рим-мехкан паччахьан кхелана хьалха лаьтташ ву хӀинца, сайна кхел ян еззачохь. Ас жуьгташна цхьа а вониг ца дина, иза хьуна а дика хаьа. 11Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Ӏожалла тӀеэца а кийча ву со. Амма хӀара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дӀавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху».

12Кхеташонца къамел а дина, Виситас элира: «Ахь паччахьан кхел йоьхуш хилча, Рим-мехкан паччахьна тӀевохуьйтур ву хьо», – аьлла.

ПахӀал АгӀарипа-паччахьна хьалха хӀутту

13Масех де даьлча, Висита куьйгалхо хӀоттор даздан Кхесрин-гӀала паччахь АгӀарипа а, цуьнан йиша Беруника а деара. 14Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахӀалан гӀуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву. 15Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана. 16Амма ас элира цаьрга, римхойн Ӏедал дац бехке веш волу стаг дӀалуш, цкъа хьалха шен довхошца юьхь-дуьхьал а кхетта, бехказа вала бакъо яллалц аьлла. 17Цундела и жуьгтий кхуза схьакхаьчча, ас шолгӀачу дийннехь, кхелахочун метте а хиъна, иза схьавалавайтира. 18Суна моьттуш долчу цхьана а зуламехь иза бехке ца вира цуьнан довхоша. 19Амма церан цхьацца къовсамаш бара шайн динах а, цхьана веллачу Ӏийсах а лаьцна, ткъа ПахӀала-м Иза дийна ву бохура. 20И гӀуллакх муха къастор ду а ца хиъна, ас хаьттира ПахӀале: „Ярушалайме а вахана, цигахь кхел яйта лаьий хьуна?“– аьлла. 21Амма ПахӀала Рим-мехкан паччахьан сацам хиллалц ша Кхесрин-гӀалахь вита аьлча, ас омра дира, иза Рим-мехкан паччахьна тӀевиггалц чувоьллина вита аьлла».

22АгӀарипас Висите элира: «Суна сайна а лаьа оцу стаге ладогӀа».

«Кхана хьуна хезар ду иза вистхуьлуш», – аьлла, жоп делира Виситас.

23ШолгӀачу дийнахь АгӀарипа а, Беруника а, кеч а делла, шайца тӀеман хьаькамаш а, гӀалара лоруш болу нах а болуш кхел ечу цӀа чу баьхкича, Виситас омра дира, ПахӀал схьавалаве аьлла. 24Цул тӀаьхьа Виситас элира: «АгӀарипа-паччахь а, кхузахь тхоьца болу берриш а! Шуна гуш волчу хӀокху стагана Ярушалаймехь а, кхузахь а вуно дукха жуьгташа аьрзнаш дина. Цара маьхьарий хьийкхира, хӀара кхин ваха хьакъ вац бохуш. 25Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хӀара цига дӀахьажо. 26Амма кхунах лаьцна цу паччахье яздан хӀумма а дац сан. Цундела ас хӀара шуна, къаьсттина хьуна хьалха, АгӀарипа-паччахь, валавайтина, гӀуллакх къастийча, Рим-мехкан паччахье сайна яздан хӀума хилийта. 27ХӀунда аьлча суна нийса ца хета чувоьллина стаг, иза бехке веш дерг хӀун ду а ца хоуьйтуш, дӀахьажор».
Copyright information for CheCAC2012