‏ Acts 27

Риме боьдучу новкъахь

1Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тӀаьхьа ПахӀал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цӀе йолчу тӀеман хьаькаме дӀабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цӀарахчу эскаран декъан эпсар вара. 2Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гӀалин хӀордкеманна тӀе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цӀе йолу Тассалник-гӀалара македонхо а вара. 3ШолгӀачу дийнахь тхо ЦӀадан-гӀалахь охьадевлира кеманна тӀера. Юлай ПахӀале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тӀехь гӀо дийр долу накъостий болчу ваха. 4Цигара хӀорда тӀе арадевлла, мох кӀезиг болчу агӀор, Кипр-гӀайре йолчухьа дахара тхо, дуьхьал хьоькхуш мох хиларна. 5Киликана а, Пампилна а дуьхьал болчу хӀордал дехьа а девлла, Ликин-махкарчу Мир-гӀала кхечира тхо. 6Цигахь Искандар-гӀалара Итале-махка догӀу хӀордкема а карийна, цу тӀе ховшийра тхо тӀеман хьаькамо Юлайс.

7Масех дийнахь меллаша дӀадоьлхуш дара тхо. Мох дуьхьал хьоькхуш хиларна, Кинад-гӀалина дуьхьал нисделча, цу агӀор кхидӀа даха а ца делла, Крит-гӀайренна улло дахара тхо, Салмон цӀе йолчу берда юххе а теӀаш, цигахь мох кӀезиг болу дела. 8Халла цунна уллохула тӀех а девлла, Ласи-гӀалина гена йоцучу, шех Дика дӀахӀуттийла олучу метте кхечира тхо.

9Дуккха а хан яьллера тхо новкъа девлла. КхидӀа даха кхераме дара, хӀунда аьлча гуьйренан чаккхе яра, жуьгтийн халкъ къинойх цӀиндаларан деза де а чекхдаьллера. ПахӀала, хьехар деш, бохура: 10«ЛадогӀийша! Со гуш ву хӀара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тӀерачу кирана а хилла ца Ӏаш, вайн дахарна а».

11Амма хӀорш эцна воьду тӀеман хьаькам хӀордкема долахь долчух а, и дӀадохуьйтуш куьйгалла деш волчух а алсам тийшира, ПахӀала дуьйцучул а. 12Кхеран кема дӀахӀоьттина меттиг Ӏа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гӀайре тӀехь йолчу Пиника-гӀала хӀордахула дӀабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Ӏанера бовла лаьара царна.

ХӀорд ловзабалар

13Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гӀайре йистехула дӀабахара уьш. 14Амма дукха хан ялале гӀайре йолчу агӀорхьара шех къилбаседа-малхбалера олу чӀогӀа мох хьаькхира. 15ХӀорд ловзабаьллачу юккъе а нисделла, мохана дуьхьал ца дахалора хӀордкема. Мохо шена луъучу агӀор дӀасакхуьссура тхо. 16Кавда цӀе йолчу жимачу гӀайре тӀе, мох кӀезиг болчу агӀорхьа, даьхьира тхан кема, цигахь дукха хала дӀатесира оха пийсакаш хьокху жима кема. 17Иза, хьала а даьккхина, стаммий машшашца дӀа а доьхкуш, хӀордкема чӀагӀдира оха. Хинан кӀоргалла жима йолчохь, Суьрти цӀе йолчу меттигехь бохам хиларна кхоьруш, кеманан гата охьа а дахийтина, хӀорда тӀехула дӀахецаделира тхо. 18ШолгӀачу дийнахь хӀорд чӀогӀа ловзабаларна, кеманна тӀера кира хи чу кхосса долийра. 19Ткъа кхозлагӀчу дийнахь хӀордкеманан цхьа боккха гӀирс чукхоьссира кеманхоша шайн куьйгашца. 20Масийтта дийнахь я малх, я седарчий гучу ца довлура, ткъа хӀордан ловзабалар дӀатуьйш дацара. Тхо кӀелхьардевр ду аьлла йолу муьлхха а сатуьйсийла дӀаяьллера.

21Дукха хан яра цхьаммо а хӀума яаза. ТӀаккха ПахӀала, хьала а гӀаьттина, элира: «Нах, шу соьга ла а доьгӀна, Крит-гӀайре тӀехь севцнехь, хӀара зенаш а лан дезар дацара, хӀумма а дӀакхосса езар яцара вайн. 22ХӀинца собаре хиларе кхойкху ас шуьга, хӀунда аьлча шух цхьа а лийр вац, кема бен хӀаллакьхир дац. 23Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гӀуллакх дечу а Делан малик деара суна тӀе. 24Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахӀал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта дезаш ву, Дала хьан доӀанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тӀехь берш а дийна буьсур бу“. 25Цундела доха ма дохалаш, доттагӀий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх. 26Амма вай билггала цхьаьна гӀайре тӀе охьакхуьссур ду».

27ЕйтталгӀа буьйса тӀекхаьчча, тхо Адира цӀе йолчу хӀорда тӀехула хьош дара. Буьйса юккъе яхача, хӀордкеманхошна уллохь латта хааделира. 28Хин кӀоргалла юьстича, ткъа сажа юьйла хиира. Юха жимма дехьадевлла юьстича, пхийтта сажа карийра. 29Хин бухулара тӀулгаш тӀе кхетарна кхоьруш, кема сацош, тӀехьара йиъ кема сацориг хи чу а кхоьссина, де тӀекхачаре сатуьйсуш Ӏара уьш. 30Ткъа кеманхой, жима кема хи чу охьа а хецна, кеманан буьххьера кема сацориг чукхуссучуха, бовда гӀоьртира. 31Амма ПахӀала элира тӀеман хьаькаме а, тӀемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тӀехь ца совцахь, шу а кӀелхьардевр дац». 32ТӀаккха тӀемалоша, жима кема дӀатесна долу машшаш а хедийна, иза чудожийра.

33Сахуьлучу хенахь ПахӀала дехар дира массаьрга а, хӀума яахьара аьлла: «Тахана дейтталгӀа де ду вай сатийсамехь долу, аша цу ерриге а хенахь хӀума ца йиъна. 34Цундела доьху шуьга хӀума яа, хӀунда аьлча иза шуна дахар лардан оьшу. Шу цхьаннен а коьрта тӀера чо а бужур бац».

35Иза а аьлла, бепиг, схьа а эцна, массарна а хьалха Далла хастам а бина, декъа а декъна, даа хӀоьттира ПахӀал. 36ТӀаккха массара а, дог иракарахӀоьттина, хӀума йиира. 37Верриг а хӀордкеманна тӀехь ши бӀе кхузткъе ялхитта стаг вара. 38Тоъал хӀума а йиъна, кема дисина долчу киранах паргӀатдаккха хӀиттира уьш, кӀа хӀорда чу а кхуьссуш.

Кема дохар

39Ӏуьйре тӀекхаьчча, царна латта ца девзира, амма гӀамаран легӀана берд гира. Аьтто балахь берда тӀедовла барт хилира церан. 40Кема сацорех, уьш хӀорда чу дӀа а хецна, паргӀат а девлла, кеманан тӀам бихкина машшаш а хедийна, буьххьера жима гата махаца а нисдина, бердехьа бахара уьш. 41Амма гӀамарла а дахана, меттах а ца далалуш дисира хӀордкема, ткъа цуьнан тӀехье ондачу тулгӀенаша йохош яра.

42Тутмакхаш неканца ца бовдийта байа дог хилира тӀемалойн. 43Амма ПахӀал ца вейтархьама тӀеман хьаькамо совцийра уьш. Цо омра дира, нека хууш берш, чу а лелхий, лаьтта тӀе кхача аьлла. 44Ткъа вукхаьрга, карадеана у я кхин йолу хӀума схьа а лоцуш, берда тӀе гӀо элира.

Иштта, цхьанна а зе ца хуьлуш, массо а берда тӀе хьалавелира.
Copyright information for CheCAC2012