Amos 6
Везачу Эло Исраилан мохк хӀаллакбийр бу
1Декъаза бу Цийон-лома тӀехь гӀайгӀане а боцуш Ӏаш берш, Шамранан ломахь шаьш маьрша хеташ берш, хьалхе йоккхучу халкъан цӀе яххана берш, шайна тӀе Исраилан цӀа тӀедогӀуш болу. 2Даха а гӀой, Хална-гӀалане хьовса, цигара сийлахьчу Хьамат-гӀала дӀагӀо. ПӀелаштамхойн Гати-гӀала охьадисса. Аша боху: «Церан ницкъе хьаьжжина, царах цхьа а ЯхӀудан а, Исраилан а пачхьалкхе ма ца кхочу!» Церан мохк боккха бац шун чул? 3Бала тӀебогӀу де геннахь а хеташ, Ӏазап толар гергадаладо аша. 4Пийлан кӀомсарех бинчу маьнгеш тӀехь Ӏохку шу, дегӀана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша. 5Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гӀирсаш лело говзалла ю. 6Кедаш чуьра чагӀар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цӀенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу! 7Цундела хӀинца шу, йийсархошна хьалха а девлла, йийсаре гӀур ду, чекхдер ду шун тойнаш хӀиттор а, сакъерар а. 8Ша-шех чӀагӀо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гӀишлойх, Ас гӀала а, гӀалахь мел дерг а дӀалур ду мостагӀашна». 9Иштта хир ду: нагахь санна цхьана цӀа чохь итт стаг висахь а, уьш массо а хӀаллакьхир ву. 10ТӀаккха церан гергарчо я уьш багош волчо схьаоьцур бу уьш, церан декъий цӀа чуьра арадахархьама. ЦӀа чохь висначуьнга хоттур ду цо: «Кхин цхьа а висний хьоьца?» Вукхо жоп лур ду: «Цхьа а ца висна». ХӀокхо эр ду: «ГӀовгӀа ма е! Везачу Элан цӀе яккха мегар дац». 11ХӀунда аьлча Везачу Эло, омра а дина, даккхий а, кегий а цӀенош хӀаллакдийр ду, царах аьхгаш а еш. 12Говраш тархашна тӀехула евдда лелий те? Стерчашца хӀордана тӀехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дӀовш а дина, бакъдолчух стим а бина. 13Шаьш Ладебар-гӀала ▼▼Ладебар-гӀала – и цӀе Ӏебархойн маттахь «хӀумма а доцург» бохучух тера ду.
схьаяьккхина бохуш, дозалла деш ду шу. «Тхайн ницкъаца дӀа ца лаьцна оха Кхарнайм-гӀала ▼▼Кхарнайм-гӀала – оцу жимачу гӀалин цӀе «маӀаш» боху маьӀна долуш ю, ткъа иза ницкъан билгало ю.
?» – боху аша. 14«Ткъа хӀинца, Исраилан цӀа, Ас халкъ дуьхьалдоккхур ду хьуна. Къилбаседера Хьамат-Ӏин долчуьра къилбера Ӏариба-тогӀин хина тӀекхаччалц дӀалохкур ду шу», – боху массо а ницкъийн Везачу Дала.
Copyright information for
CheCAC2012