‏ Amos 8

Стоьмаш чохь болу тускар гар

1Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: лаьтташ стоьмаш чохь болу тускар дара. 2Цо хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?»

Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», – аьлла.

ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тӀекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац.
3Цу дийнахь паччахьан цӀа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, – боху Хьалдолчу Эло. – Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дӀакхуьссур ду».

Исраилан халкъана кхел яр

4ЛадогӀа кху дешнашка, мисканаш дӀакхалла а, къенаш хӀаллакбан а хьаьгна долчу а, 5иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дӀабовр бу, вайна ялта дӀадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дӀадер ду, вайга чӀоьнаш дӀаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама. 6Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дӀаден мегаш доцу хӀу дохка а».

7Исраилан халкъах дозалла дечу Везачу Эло чӀагӀо йора: «Билггала цкъа а церан гӀуллакхех цхьа а дицдийр дац Аса! 8Дегор-м дац те и бахьана долуш латта? Лаьтта тӀехь вехаш волу хӀора а воьлхур-м вац те? Дерриге а, доьду хи санна, тохалур ду. Мисар-махкара хи санна, лакхадолуш а, лахлуш а хир ду иза. 9Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху сан Хьалдолчу Эло – дийнан делкъехь Ас малх дӀахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тӀе бода боссор бу. 10Шун деза денош гӀайгӀане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дӀахӀоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тӀедухур ду, хӀораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кӀантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю.

11Денош тӀедогӀур ду, – боху сан Хьалдолчу Эло, – Ас лаьтта тӀехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю. 12Уьш, Везачу Элан дош лоьхуш, Дуьрачу хӀорда тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе а, къилбаседера малхбале а лелар бу, амма иза карор дац. 13Оцу дийнахь хаза мехкарий а, кегийрхой а хьагбаларна гӀора дайна хир бу. 14Цара Шамранан цӀуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“я „Беар-ШабаӀан делах дуй боу!“– олий. И чӀагӀонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гӀовттур бац».
Copyright information for CheCAC2012