d ЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Яхьазкхиал 25:15-17; Юал 3:4-8; Цапни-ЯхӀу 2:4-7; Закри-ЯхӀу 9:5-7.
e ЕшаӀ-ЯхӀу 23:1-18; Яхьазкхиал 26:1–28:19; Юал 3:4-8; Закри-ЯхӀу 9:1-4; Маттай 11:21, 22; Лака 10:13, 14.
Amos 1
Делан кхелах лаьцна хаам
1 aХӀара дешнаш ТакхоӀарчу жаӀуйх цхьаъ волчу Ӏамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хӀоьттича, хезнера. Иза, яхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус а, исраилхойн паччахьо, ЯхӀуашан кӀанта, ЯрбаӀама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара. 2 bӀамоса иштта элира:«Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву,Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз.
ТӀаккха дежийлаш а якъалур ю,
Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».
Дала исраилхойн лулахошна кхел яр
Арам-мохк
3 cИштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина. 4Хьазиал-паччахьан цӀенна тӀе цӀе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гӀепаш а ягор ю цу цӀеро. 5Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогӀин бахархой а хӀаллакбийр бу, Байт-Ӏедан цӀийнера олаллин гӀаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кӀошта йийсаре дӀагӀур ду», – боху Везачу Эло.ПӀелаштам-мохк
6 dИштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама. 7Ӏази-гӀалин пенашна тӀе а цӀе хьажор ю Ас. Цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш. 8Ашдод-гӀалин бахархой а хӀаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гӀалахь олаллин гӀаж дӀалаьцнарг а вохор ву Ас. Ӏекхран-гӀалина тӀе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пӀелаштамхойх дисина халкъ а хӀаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло.Цора-гӀала
9 eИштта боху Везачу Эло: «Цора-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дӀабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. 10Цора-гӀалин пенашна тӀе а хьажор ю Ас цӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш».Эдом-мохк
11 fИштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тӀаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгӀазалла цкъа а ца юьтура цара. 12Теман-гӀалина тӀе а цӀе хьажор ю Ас, цу цӀеро хӀаллакйийр ю Бацар-гӀалин гӀепаш а».Ӏаммин-мохк
13 gИштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама. 14Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца. Цу гӀалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», – боху Везачу Эло. 15Муаби-мохк
Copyright information for
CheCAC2012