Amos 1:3-5
Дала исраилхойн лулахошна кхел яр
Арам-мохк
3 aИштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина. 4Хьазиал-паччахьан цӀенна тӀе цӀе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гӀепаш а ягор ю цу цӀеро. 5Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогӀин бахархой а хӀаллакбийр бу, Байт-Ӏедан цӀийнера олаллин гӀаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кӀошта йийсаре дӀагӀур ду», – боху Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012