Amos 2:1-3
1 aИштта боху Везачу Эло: «Муабахоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча муабахоша Эдом-мехкан паччахьан даьӀахкаш, царах чим а беш, ягийна дӀаяьхнера. 2Муаби-махкана тӀе цӀе хьажор ю Ас, цо хӀаллакйийр ю Кхиръют-гӀалин гӀепаш, тӀаккха Муаби-мохк хӀаллакьхир бу. И бохам хуьлучу хенахь тӀеман гӀовгӀа хир ю, коьман маӀан аз а хир ду хезаш. 3Ас хӀаллаквийр ву цу мехкан куьйгалхо, ткъа цунна гонах берш а хӀаллакбийр бу Ас цуьнца цхьаьна», – боху Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012