Amos 4
1ЛадогӀа кху даше, Шамранан лам тӀехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гӀийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Ӏазапехь латтош берш а, шайн хӀусамдайшка: «Схьада чагӀар, оха мер ду!» – бохурш ду. 2Шен возаллица чӀагӀо йора Хьалдолчу Эло: «Шу коьжалгашца, ткъа шун биснарш мӀерашца текхор болу денош шуна тӀедогӀур ду», – бохуш. 3«Пенах даьккхинчу уллорачу Ӏуьргана тӀе а такхийна, кхиссина арадохуьйтур ду шу, тӀаккха шу Хьармон-лам болчухьа дӀалохкур ду», – боху Везачу Эло.Исраилан халкъан аьрхалла
4«Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гӀаларчу езачу метте дӀа а гӀой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀора Ӏуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгӀа дакъа дӀало. 5Исраилхой, баркаллин сагӀина лерина долу совсийна бепиг схьада, дӀакхайкхаде аша шайн лаамца сагӀанаш дохуш хилар, цунах лаьцна, дозалла а деш, дӀасадаржаде, ишттадерг шайна дукхадеза дела», – боху Хьалдолчу Эло. 6«Со ма вара шун массо а гӀаланашкахь мацалла ХӀоттийнарг а, шун массо а ярташкахь ялта цатоар ХӀоттийнарг а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – 7Ас кхаа баттахь, ялта хьокху хан тӀекхаччалц, догӀа ца доуьйтура шуна. Цхьана гӀалахь догӀа доуьйтура Ас, ткъа вукху гӀалахь ца доуьйтура. Цхьа кха дузадора догӀано, ткъа важа, хин тӀадам божаза, дакъалора. 8Шина-кхаа гӀалара нах хи малархьама цхьана гӀали чу гуллора, амма шаьш Ӏаббалц ца малалора цаьрга иза. ТӀаккха а тӀе ца дирзи шу Суна», – боху Везачу Эло. 9«Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тӀе. ЦӀазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу. 10Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тӀедаийтира. Шун кегий нах туьраца хӀаллакбора Ас, дой йийсаре дӀа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерӀуьргашка еттайолуьйтура. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу», – боху Везачу Эло. 11 a«Ас шуна юкъахь бохамаш бора, Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохош Айса бина бохамаш санна. Ткъа шух биснарш, цӀергара схьадаьхна хьокхий санна, бара. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – 12Цундела Ас иштта дийр ду шуна, исраилхой. Аса иза иштта дийр долу дела, кечло, исраилхой, шайн Далла дуьхьалдаха!» 13Дала лаьмнаш а кхуллу,мох а болуьйту,
адамна Шен ойла дӀа а хоуьйту,
Ӏуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту.
Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до.
Цуьнан цӀе ю – массо а ницкъийн Веза Дела.
Copyright information for
CheCAC2012