Amos 5
Далла тӀедерзаре кхайкхам бар
1ЛадогӀа, исраилхой, Ас хьох лаьцна белхар доккхур долчу кху даше. 2Охьа а доьжна, кхин хьала ца айалуш ӀуьллуйоӀстаг санна долу Исраилан халкъ!
Шен мехкан лаьтта тӀехь даржийна долу иза,
вац-кх хьалаайа цхьа а.
3ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Исраил-махкахь эзар тӀемалочуьнца дуьхьалъяьллачу гӀалин оцу тӀемалойх бӀе бен вуьсур вац, ткъа бӀе тӀемалочуьнца дуьхьалъяьлларг иттанца юьсур ю». 4ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху Исраилан цӀийне: «Со лехалаш – дийна дуьсур ду шу. 5Бетал-гӀалахь Со ма лехалаш, Галгал-гӀала ма гӀолаш, Беар-ШабаӀе ма кхачалаш, хӀунда аьлча Галгал-гӀала йийсаре гӀур ю, ткъа Бетал-гӀала хӀумма а йоцург хилла дӀахӀуттур ю». 6Лехалаш Веза Эла – дийна дуьсур ду шу. ЦӀеран алу санна, Иза Юсупан цӀенна тӀе ма кховдийта. Оцу цӀеро иза хӀаллакдийр ду. Бетал-гӀалахь цхьа а хир вац и цӀе дӀаяйа. 7Нийсонах дӀовш деш долу а, бакъдерг лаьтта кхуссуш долу а, хӀай адамаш! 8 aХьан кхоьллина ВорхӀ Седа а, Орион а?
Хьан еш ю Ӏожаллин ӀиндагӀах сирла Ӏуьйре,
ткъа дийнах Ӏаьржа буьйса?
Хьан тӀегулдо хӀордан хиш?
Уьш лаьтта тӀехула Хьан дӀасадаржадо?
Цуьнан цӀе – Веза Эла ю!
9Цо онданиг хӀаллак а во,
цуьнан гӀап йоха а йо.
10Шуна ца веза кхел ечохь харцо гучуйоккхуш верг, бакъдерг дуьйцучух а шу ца деша. 11Иштта аша мисканиг охьа а теӀош, цуьнгара ялтица совгӀаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тӀулгех цӀенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагӀар мер дац, 12хӀунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагӀий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гӀуллакхаш галдоху аша кхел ечохь. 13Цундела вист ма ца хуьлу цу хенахь кхетаме верг, хӀунда аьлча и зама луьра ю. 14Дика леха, вон а ца лоьхуш, шаьш дийна дисийтархьама. ТӀаккха массо а ницкъийн Веза Дела, аша ма-бохху, шуьца хир ву. 15Вон а ца дезаш, дика дезийша, меттахӀоттадейша дов хаттар. ТӀаккха къинхетам бан мега массо а ницкъийн Везачу Дала Юсупан цӀийнах бисинчех. 16Цундела иштта боху Везачу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала: «Массо а урамашкахь белхар хир ду. Массо а некъашкахь мохь хьоькхур бу: „Маржа-яӀ! Маржа-яӀ!“– бохуш. Латталелорхо латкъам бан, ткъа тийжаме назманаш ала говзанаш белха а тӀекхойкхур бу. 17Кемсийн бошмашкахь а хир ду белхар, хӀунда аьлча Со халкъана юккъехула чекхвер ву, шуна таӀзар дархьама», – боху Везачу Эло. 18Декъаза бу Везачу Элан де тӀекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций. 19Иза, нагахь цхьаъ, лоьмах а ведда, чена тӀе нисвалар, я, шен цӀа а веана, куьйгаца пенна тӀетевжича, лаьхьано къовзор санна ду. 20Серло а йоцуш, бода бац ткъа Везачу Элан и де? Ӏаьржа бода бу иза, цуьнца нур лепар дац. 21 b«Суна ца деза, Суна дегаза хета аша даздеш долу денош. Шун динан гуламаш Суна дегаза хета. 22Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш аша дахахь а, Аса тӀеоьцур дац уьш. Со дӀахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагӀане. 23Суна генаяккха лоькхучу хьайн эшарийн гӀовгӀа, хӀунда аьлча хьан дечиг-пондарийн аьзнашка Ас ладугӀур дац. 24Нийсо, доьду хи санна, дӀагӀойла, ткъа бакъдерг – лекъар доцу татол санна! 25 cИсраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан! 26Шайн паччахь-делан Сакутан а, шайн седа-делан Кайвулин шайн куьйгашца дина долу суьрташ хӀетахь а леладора те аша? Ткъа хӀинца аша уьш лела ма бо! 27Аша иза дарна, шу махках а даьхна, Дамасакхана дехьа дохур ду Ас», – боху Везачу Эло. Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Дела ю.
Copyright information for
CheCAC2012