‏ Colossians 1

1Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а яздо 2Ковлуси-гӀалахь бехачу Дала базбинчу а, Далла тешамечу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна а болчу динан вежаршка.

Вайн Да волчу Делера долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

Далла хастам бар

3Шуна тӀера доӀанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волчу Далла. 4ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах шун тешар хиларх а, массо а Делан долахь берш шуна безарх а лаьцна хезна тхуна. 5Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна. 6Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тӀехь шен стом луш а, дӀасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара. 7 aИ хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гӀуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву. 8Делан Сино шуна беллачу безамах лаьцна тхоьга хаам бинарг а иза вара.

9Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тӀера даим доӀанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. 10Иза иштта хилахь, массо а хӀуманна тӀехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гӀуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тӀехь кхиамаш а бохур бу аша. 11Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чӀагӀдина хуьлийла, массо а хӀума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца 12стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву. 13Вай, боданан олаллех кӀелхьара а даьхна, Шен везаш волчу КӀентан олалле даьхна Цо. 14 bЦуьнгахула вай паргӀатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала.

Дала леррина къобалвина Ӏийса а, Цо кхочушдина гӀуллакх а

15 Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду.
Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хӀуманал тоьлуш а волуш.
16Стигалшкахь а, лаьттахь а
гуш долу а, гуш доцу а
массо а хӀума Цо кхоьллина ду:
стигалийн паччахьаш, я олахой,
я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш.
И дерриг а Цо кхоьллина а ду,
Цунна кхоьллина а ду.
17Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара,
Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту.
18 cИза динан массо а тобанан Корта бу,
ткъа и тоба Цуьнан дегӀ санна ю.
Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза.
Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву,
массо а хӀуманна тӀехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама.
19ХӀунда аьлча Далла тамехь дара
Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар.
20 dДалла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хӀума Шеца тайта.
ЖӀара тӀехь Ӏанийначу Шен КӀентан цӀийгахула
царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо.

21Аша дечу вочу гӀуллакхаша гойтура, цхьана хенахь шу а Далла херадевлла хилар. Шайн кхетамехь Делан мостагӀий дара шу. 22Ткъа хӀинца, Ша леррина Къобалвинчун дегӀан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цӀена а, ала хӀума доцуш а дӀахӀитторхьама. 23Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тӀехь шеконаш а йоцуш, чӀагӀ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дӀа ца хадийтахь а. Стигал кӀел болчу массаьрга а дӀахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахӀалах.

ПахӀала динан тобанна къахьегар

24Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хӀинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегӀа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьахӀиттинчара Цуьнан дегӀан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегӀ – Ӏийсах тешачу массеран а тоба ю. 25Дала суна тӀедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гӀуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта. 26Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бӀешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дӀакъевлина яра. Ткъа хӀинца иза Шен долахь болчарна дӀайовзийтина Дала. 27Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дӀахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле. 28Дала леррина Къобалвинарг вай дӀакхайкхаво, хӀора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Ӏама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дӀахӀотторхьама. Сайна чохь болх беш болчу Цуьнан ницкъаца оцу Ӏалашонна къахьоьгуш ву со.29

Copyright information for CheCAC2012