Colossians 2
1Суна шуьга дӀахаийта лаьа, мел чӀогӀа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а. 2Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахӀитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чӀогӀа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву. 3Цунна чохь къайлаяьккхина ю кӀоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна. 4Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Ӏеха ца далийтархьама. 5ХӀунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чӀогӀа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со.Дала леррина Къобалвинчуьнца долу кхоччуш дуьзна дахар
6Дала леррина къобалвина Ӏийса шаьш Веза Эла санна тӀеэцарна, Цуьнца доьзна а долуш, дахалаш. 7Шайн тешаран орамаш Цунах дӀа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чӀагӀлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш. 8Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Ӏадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тӀехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац. 9ХӀунда аьлча адаман сибат тӀеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Ӏаш ву. 10Шу а ду кхачам боллуш дуьзна, шу Цуьнца доьзна долу дела. Стигалийн мел болчу хьаькамел а, куьйгалхойл а коьрта ву Иза. 11Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна. 12 aХих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дӀадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца. 13 bШаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина. 14 cЦо дӀадайина вайн декхар тӀеяздина долу йоза. Оцу кехат тӀехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖӀарах дӀа а тоьхна, Дала и кехат дӀадаьккхина. 15Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дӀадаьккхина Цо. Ӏийса жӀарах дӀатохарехула царна тӀехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьӀаьржачу хӀиттийра Цо. 16 dХӀинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла. 17ХӀунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегӀан ӀиндагӀ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду. 18Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Ӏамал ян а деза бохучо шу Ӏеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тӀе а чӀагӀдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган. 19 eДегӀан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тӀе ца гӀерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегӀ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду.Дала леррина Къобалвинчуьнца далар а, Делаца дахар а
20Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Ӏадатийн а долара схьадевлла хилча, хӀунда гӀерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна, 21«хӀокхунах ма хьакхалолаш», «хӀара ма яалаш», «кхунах куьг ма Ӏотталаш» бохучу сацамашна тӀе? 22Диина даьлча, телхина дӀадер долчу хӀуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац. ТӀехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Ӏамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догӀмашна тӀехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац.23
Copyright information for
CheCAC2012