Colossians 3
1 aДала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агӀор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла. 2Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза. 3ХӀунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дӀахьулдина ду. 4Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догӀур ду.Шира а, керла а дахар
5Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хӀаллакбелаш: нахаца лелар, цӀена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хӀунда аьлча сутара хилар цӀушна Ӏамал яр санна ду). 6Иштта дерг лелорна муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло тӀейогӀур ю. 7Мацах шу а ма дара иштта лелаш, шайн дахар цу хӀуманех дуьзна долчу хенахь. 8Ткъа хӀинца и шадерг дӀадаккха: дералла, оьгӀазалла, хьагӀ, вониг дийцар, боьха бага леяр. 9 bВовшашка харц ма ле, хӀунда аьлча шайн шира адам цуьнан гӀуллакхашца цхьаьна аша дӀа ма тесна. 10 cКерла адам а хилий, дӀахӀитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц. 11Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву. 12 dДала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш. 13 eВовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра. 14Даггара вовшашка болу безам дерриг а цу хӀуманашна тӀетоха. Массо а хӀума кхачаме цхьаьна доьхкург безам ма бу. 15Дала елла йолу синпаргӀато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегӀ а дина, синпаргӀатоне тӀекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила. 16 fДала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала. 17Дашца я гӀуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Ӏийсан цӀарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш.Керлачу дахарехь юкъаметтигаш муха хила еза
18 gЗударий, шайн майранашна муьтӀахь хила, хӀунда аьлча иза шун декхар ду, Везачу Элаца шу доьзна хиларна. 19 hМайранаш, шу а шайн зударий безаш хила, цаьрца буьрса ма хила. 20 iБераш, массо а хӀуманна тӀехь шайн дас-нанас боххург деш хила, хӀунда аьлча иза Далла хазахетарг ду. 21 jДай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта, дог доьхна уьш ца хилийтархьама. 22 kЛеш, адамаш долчу шайн элашна массо а хӀуманна тӀехь муьтӀахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Ӏаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцӀена а лела. 23Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна. 24Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгӀатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гӀуллакх деш волу Эла ма ву. lТкъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таӀзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.25
Copyright information for
CheCAC2012