Colossians 4
1 aЭлий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тӀехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.Хьехамаш
2Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доӀанаш делаш. 3Иштта тхуна тӀера а доӀанаш де Деле, Цуьнан дош дӀакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дӀайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дӀакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. 4Дехалаш Деле, и къайле дӀакхайкхо еззачу тайпана дӀакхайкхо суна хаийта алий. 5 bАрахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегӀийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш. 6Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хӀоранга а жоп муха дала деза а хууш.Маршаллаш
7 cСох лаьцна шадерг ТихӀака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гӀуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза. 8Тхоьгахь хӀун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахӀитто а воуьйту аса иза шу долчу. 9 dШу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна. 10 eШуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тӀедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.) 11Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаӀа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чӀогӀа догъоьцура цара. 12 fМаршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тӀера дечу доӀанашкахь, шайн тешарна тӀехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а. 13Лаудика-гӀалахь а, ХӀерапал-гӀалахь а долчу шуна Эпарпис чӀогӀа къахьоьгуш хиларх тоьшалла до аса. 14 gМаршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а. 15Маршаллаш ло Лаудикехь болчу динан вежаршка а, Нумпате а, цуьнан цӀерачу динан тобане а. 16ХӀара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дӀадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша. 17 hАрихупе иштта дӀаала: «Варелахь, Везачу Элаца волуш айхьа тӀелаьцна долу деза гӀуллакх кхочушделахь». 18Аса сайн куьйгаца яздо шуьга хӀара тӀаьххьара долу маршалла. Со набахтехь хилар диц ма делаш. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
Copyright information for
CheCAC2012