Daniel 1
Набухди-Нецаран кертахь
1 aЯхӀу-Якхам-паччахьо ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гӀалина го лецира. 2 bТӀаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхӀуд-мехкан паччахь волу ЯхӀу-Якхам. ЯхӀу-Якхам-паччахь а, кхин дӀадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанӀар-махкара шен делан цӀа чу дӀадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гӀалара Делан цӀа чуьра цхьайолу еза хӀуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цӀа чуьра хазнина тӀе дӀаяхьийтира цо. 3Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цӀийнах бевлла болу къонахой шена тӀе схьабалабе аьлла. 4Уьш хила безара шайн догӀмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Ӏилма Ӏамо кхетам а болуш, Ӏилма девзаш а болуш, кӀорггера хьекъал а долуш, паччахьан цӀа чохь гӀуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Ӏамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а. 5Иштта паччахьо тӀедиллира хӀора дийнахь царна шен цӀа чуьра мала чагӀар далар а, яа хӀума ялар а. КхидӀа а тӀедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дӀаяьлча, уьш шена тӀебалор а. 6Цу къонахошна юкъахь бара ЯхӀудан тӀаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхӀу а, Мишаал а, Ӏазар-ЯхӀу а. 7Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цӀераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхӀух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Ӏазар-ЯхӀуна Ӏабди-Нага боху цӀе тиллира. 8Паччахьан цӀа чуьра юучуьнца а, паччахьо молучу чагӀарца а ша Далла гергахь бехлур вац аьлла, нигат дира Даниала. Цундела цо дийхира Ашпеназе Далла гергахь хьарам йолчу юучух а, маларх а ша хьакха ца валийтар. 9Дала нисдира паччахьан кертара хьаькамийн куьйгалхо цуьнца дика хилар. 10Цу коьртачу куьйгалхочо Даниале элира: «Кхоьру со сайн олахочух, сайн паччахьах. Цо ша хӀоттийна шуна и даар-малар далар. Нагахь санна цунна шун хенара болчу къонахойл шун яххьаш гӀелъелла гахь, сан корта боккхуьйтур бу аш паччахье». 11ТӀаккха Даниала ша а, шен кхо накъост а ларван коьртачу куьйгалхочо хӀоттийначу гӀаролхочуьнга дехар дира: 12«Зехьа ахьа хьайн леш итт дийнахь. Балийтахьа тхуна баа беккъа хасстоьмаш а, мала хи а. 13ТӀаккха хьожур хьо тхан яххьашка а, паччахьан юург-мерг йиъначеран яххьашка а. Цул тӀаьхьа хьайн лех хьайна луъург дер ахь». 14Даниала аьлларг а дина, цо итт дийнахь зийра уьш. 15Итт де даьлча, церан яххьаш а, догӀмаш а паччахьан кхача бууш Ӏийначарел хаза хилла карийра. 16Цул тӀаьхьа гӀароло, ойла ца керчаш, церан юург а, чагӀар а, схьа а оьций, царна баа хасстоьмаш лора. 17Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Ӏилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гӀенаш а, самах дуьхьалхӀуьтту суьрташ а тида хаар делира. 18Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тӀекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тӀебалийра. 19Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а кхочуш ца хилар. ТӀаккха хӀорш бисира паччахьан кертахь гӀуллакх дан. 20Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гӀуллакхехь а, паччахьо хӀуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а. 21Иштта Ӏийра цигахь Даниал, Къуреш-паччахь хӀоьттина хьалхара шо тӀекхаччалц.
Copyright information for
CheCAC2012