‏ Daniel 10

Даниална Хьиддекхал-хин йистехь дуьхьалхӀоьттина сурт

1Парси-мехкан паччахьо Къуреша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Бел-Ташацар цӀе йолчу Даниална Делера хаам хиллера. И хаам бакъ а бара, ткъа цунах кхета чӀогӀа хала а дара. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртехула Даниална дӀахоуьйтура цу хааман маьӀна.

2Оцу деношкахь кхаа кӀирнах гӀайгӀане воьжна Ӏийра со, Даниал. 3Тоьлла кхача ца буура ас. Жижиг а, чагӀар а ца дахара сан кийра. Кхо кӀира кхаччалц, дегӀан цӀано ярхьама хьожа йогӀу хьакхарш ца хьийкхира аса.

4Ткъа хьалхарчу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь Хьиддекхал олучу доккхачу хин йистехь лаьтташ вара со. 5 aХьалахьаьжча, суна хӀара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гӀодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ. 6Цуьнан дегӀ, жовхӀар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БӀаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цӀестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. 7Со, Даниал, воцучунна, цхьанна а и дуьхьалхӀоьттина сурт ца гира. Соьца хилла долчу адамашна а ца гира и сурт, делахь а боккхачу кхерамо дӀалецира уьш, тӀаккха дӀаловчкъа дӀадевдира уьш. 8Со цхьа висира. Оцу дуьхьалхӀоьттинчу Ӏаламат доккхачу суьрте хьоьжура со. Сан гӀора дайра, со докъан васте вахара, сан ницкъ метта ца хӀуттура. 9ТӀаккха цуьнан дешнийн аз хезира суна. Цуьнан дешнийн аз сайна ма-хеззина, Ӏада а вина, бертал а воьжна, лаьтта тӀехь Ӏуьллура со. 10Цу хенахь, сан дегӀе зуз а доуьйтуш, сох цхьа куьг хьакхаделча, сан голаш тӀе а, куьйгаш тӀе а веаларахӀоттийра со цу куьйго.

11ТӀаккха цу стага элира соьга: «Даниал, Далла везаш волу стаг! ХӀинца со хьайна тӀеваийтина дела, ас хьайга эр долчу дешнийн духе кхиалахь. Хьайн когаш тӀе нийса дӀахӀотта». Цо и дешнаш сайга аьлча, вегош, хьалагӀаьттира со.

12ТӀаккха цо соьга элира: «Ма кхера, Даниал. Далла хьалха хьайн дог эсала а дина, хӀокху хаамах кхета гӀерташ, ахь дина доӀанаш дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна Далла дӀахезна. Ахь дехна дела веана
Веана со – я иштта: деана со.
со.
13 cАмма Парси-пачхьалкхана тӀехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гӀо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла
Хьевелла – я иштта: хьеделла.
дела.
14ХӀинца хьан халкъах тӀаьхьарчу хенашкахь хӀун хир ду аьлла, хьуна хаам бан веана со, хӀунда аьлча дуьхьалхӀоьттина хьуна гина сурт цу тӀедогӀу долчу деношца доьзна ду».

15И дешнаш соьга цо олучу хенахь, мотт а сецна, аса корта охьатаӀийра. 16Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тӀаккха со, бага а гӀаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхӀоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гӀора дӀадаьккхина. 17Ткъа хьан лай волчу аса хӀара къамел муха дийр ду сан эла волчу хьоьца? Дац-кх соьгахь гӀора, са а ца даӀало-кх соьга кхин».

18ТӀаккха оцу адамийн сибатехь волчо, юха а сох куьг а Ӏоьттина, со чӀагӀвира. 19Цо элира: «Ма кхерало, Далла везаш волу стаг! Машар хуьлда хьоьца. Доьналла долуш хила! ЧӀагӀло!»

Иза соьга вистхуьлучу хенахь со кхин а чӀагӀвелира. ТӀаккха ас дийхира: «Со чӀагӀвина ахь, дийцахьа хӀинца, эла».

20 Цо элира: «Хаьий хьуна, хӀунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“тӀехь дӀаяздина дерг хьоьга дӀахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хӀинца Парси-мехкан элаца тӀом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тӀаьхьа грекахойн элан рагӀ кхочур ю. Цу тӀе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гӀо дийр долуш.21

Copyright information for CheCAC2012