‏ Daniel 11

1Мадайхочо Дари-Вашас паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь со-суо лаьттира цунна гӀо деш а, иза Ӏалашвеш а».

Къилбехьара а, къилбаседехьара а пачхьалкхех лаьцна

2«ХӀинца ас бакъдерг дӀахоуьйту хьоьга: Парси-махкахь кхин кхоъ паччахь вер ву. Цул тӀаьхьа шен боккхачу бахамца царал массарал а тоьлур ву воьалгӀаниг. Шен бахамца ша тӀех чӀагӀвелча, дерриг а халкъ грекийн пачхьалкхана дуьхьал гӀаттор ду цо.

3ТӀаккха цхьа турпал паччахь гучувер ву. Шена луъург а деш, боккхачу ницкъаца олалла дийр ду цо. 4Ткъа и паччахь хилла дӀахӀоьттинчул тӀаьхьа, цуьнан пачхьалкх, йоха а йоьхна, дуьненан еа а агӀор екъалур ю. ТӀаккха цуьнан тӀаьхьенийн кара гӀур яц иза. Цуьнан пачхьалкх, екъа а елла, хӀокхарна а доцуш, кхечарна кхочур йолу дела, цу пачхьалкхан, шен хьалха хилларг санна, ницкъ хир бац.

5ТӀаккха къилбе-махкара
Къилбе-мохк – борхӀалгӀачу аятара кхета мега, иза Мисар-мохк буй.
паччахь чӀагӀлур ву, ткъа цуьнан эскаран хьаькамех цхьаъ цул тоьлур ву. Цул тӀаьхьа цо олалла а дийр ду, цуьнан олаллин ницкъ алсамо а хир бу.
6Ткъа масех шо даьлча, уьш, вовшех а ийна, цхьаъ хир бу. Къилбе-махкарчу паччахьан йоӀ къилбаседе-мехкан паччахье маре гӀур ю, царна юкъахь нийса юкъаметтигаш хилийтархьама. Амма и ницкъ карахь латталур бац цуьнга, ткъа паччахьан ницкъаш а латталур бац. Цу хенахь иза хӀаллакйийр ю – иза а, цуьнан уллорнаш а, цуьнан да
Цуьнан да – цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: цуьнан кӀант.
а, цунна гӀо дийраш а.
7Амма цуьнан цӀерачех цхьаъ, церан эскарна тӀе а летта, къилбаседе-махкарчу паччахьан гӀалин гӀопах чекх а ваьлла, къовсавелча, тоьлур а ву, чӀагӀлур а ву. 8Ур-атталла церан деланаш болу цӀуш, шайн езачу дато а, дашо а йолчу пхьегӀашца йийсаре Мисар-махка дӀахьур бу цо. ТӀаккха масех шарахь, къилбаседе-махкарчу паччахьал лакхара а волуш, лаьттар ву иза. 9Къилбаседе-махкара паччахь къилбехьарчу пачхьалкхана тӀелетар ву, амма, эша а вина, шен махка юхавоьрзур ву.

10ТӀаккха цуьнан кӀенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Ӏаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КӀенташа тӀом бийр бу мостагӀийн гӀалин гӀопана тӀекхаччалц. 11ТӀаккха къилбе-махкара паччахь чӀогӀа карзахвер ву. Цо, тӀе а летта, къилбаседе-махкара паччахьца тӀом бийр бу. Къилбаседе-махкара паччахьо вуно доккха эскар арадоккхур ду, амма и эскар къилбе-махкарчу паччахьан кара гӀур ду. 12И эскар эшийначул тӀаьхьа, къилбе-махкарчу паччахьан даг чу куралла юссур ю. Цо хӀаллакдийр ду эзарнаш адамаш, амма цуьнан ницкъ дукха лаьттар бац.

13Къилбаседе-махкара паччахь юхавоьрзур ву. Цо хьалхалерачул а доккха эскар вовшахтухур ду. Масех шо даьлча, кхин а доккхачу эскарца а, тӀеман шорттачу гӀирсашца а иза сихха схьавогӀур ву. 14Цу хенахь дукхахберш къилбе-махкарчу паччахьна дуьхьалбевр бу. ДуьхьалхӀоьттина сурт кхочушхилийта, къилберачу паччахьна дуьхьалбевр бу хьан халкъара цхьаболу зуламхой, амма уьш хӀаллакьхир бу. 15Делахь а, къилбаседе-махкара паччахь схьавеача, дуьхьалонаш а хӀиттийна, шен дола йоккхур ю цо чӀагӀйина йолу гӀала. Къилбехьарчаьрга цунна дуьхьало ялур яц, ур-атталла церан къастийна долчу эскарийн а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац. 16Цунна дуьхьал ваьлларг а цуьнан лаамца лелар ву. Латталур вац, ца вужуш, цунна хьалха цхьа а. Цу „къаьсттина хаза болчу махкахь“шен толаман меттамотт цо дӀахӀоттийча, и мохк хӀаллакбар цуьнан карахь хир ду.

17Шен пачхьалкхан мел болчу ницкъаца чу а вахана, къилбе-махкарчу паччахьца барт бан ойла хир ю къилбаседерачу паччахьан. Цо иза дийр а ду. Шена дагадеанарг кхочушдархьама шен йоӀ йохуьйтур ю цо хӀаллакьхила къилбе-махкарчу паччахье. Ткъа цуьнан дагалацам кхочуш а хир бац, цунах цунна кхиам а хир бац. 18Цул тӀаьхьа хӀордаца доза долчу пачхьалкхашна тӀевоьрзур ву и. Царах дукхахъерш цо шен дола йохур ю. Амма цхьана баьччано сацор ду шайна тӀе эхь даийтар. Цо иза юьхьӀаьржачу хӀоттор ву. 19ТӀаккха юьхь ерзор ю цо шен мехкан чӀагӀонаш тӀе, амма, таса а велла, вужур а ву, хӀаллак а хир ву иза.

20Цуьнан метта цхьа кхиверг дӀахӀуттур ву. Пачхьалкхан сийлалла латто ял гулъеш верг вохуьйтур ву цо. Амма иза, оьгӀазаллах а доцуш, тӀамехь а доцуш, дукха хан ялале хӀаллакьхир ву.

21Цуьнан метта дӀахӀуттур ву шех дог доккхуьйтуш верг, паччахьан санна, сий дийр дац цуьнан, амма иза гӀар-тата доцуш вогӀур а ву, мекарлонца цо и паччахьалла шен дола доккхур а ду. 22Дерриг а латта дузуш, дукха долу мостагӀийн цӀоз, дистинчу хино дӀадаьхьча санна, хӀаллакдийр ду цо, бертан баьчча
Бертан баьчча – цу дешнийн маьӀна хила тарло: динан коьрта да.
а тӀехь.
23Ткъа кхечу паччахьашца ша барт бинчул тӀаьхьа уьш лебеш лелар ву и, лаккха а вер ву, шен кӀеззигчу халкъаца тоьлур а ву. 24Машаре, беркате долчу мехкашна чувер ву иза. Цкъа а шен дайша а, шен дедайша а ца динарг дийр ду цо. Караеана хӀонс а, схьаяьхна хӀуманаш а, бахам а шена тӀаьхьахӀиттинчарна юкъахь боькъур бу цо. ГӀепаш схьаяха ойланаш а йийр ю цо, амма иза цхьа хан тӀекхаччалц хир ду.

25Цул тӀаьхьа шен боллу ницкъ а, майралла а Ӏаламат доккхачу эскарца къилбе-махкара паччахьна дуьхьалдоккхур ду цо. ТӀаккха къилбе-махкара паччахь юха а цуьнан эскарал а доккхачу эскарца дуьхьалвер ву, амма тоьлур вац, цунна ямартло йийр йолу дела. 26Цуьнца цхьана шуьне хуьйшу нах а иза хӀаллакван гӀертар бу. ТӀаккха цуьнан эскар дӀасадаьржар ду, дуккха а байинарш а хир бу. 27Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хӀунда аьлча чаккхе цхьана ханна дӀатеттина йолу дела. 28ТӀаккха къилбаседе-махкара паччахь шорттачу бахамца а, мостагӀчун ойланца а, Дала шеца барт бинчу халкъана дуьхьалвала шен махка ваха новкъа вер ву. Цо иза кхочуш а дийр ду, шен махка юха а воьрзур ву.

29Билгалъяьккхинчу хенахь иза юха къилбехьа гӀур ву. Амма цу вахаран жамӀ хьалхалераниг санна хир дац, 30хӀунда аьлча и воьддучу хенахь Хитам-махкара
Хитам-махкара – Грекийн гочдар тӀехь: римхойн.
хинкеманаш цунна дуьхьало ян догӀур ду. ТӀаккха иза догдоьхна юхавоьрзур ву. Дала шеца барт бинчу халкъана дарлур ву иза. Цо кхочуш бийр бу шен лаам. Делаца биначу бартах юхабевлларш лорур бу цо.
31 eЦуьнан эскархоша Делан цӀа а, керт а бехйийр ю. ХӀора дийнахь сагӀа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хӀума а дӀахӀоттор ю цо, цунна Ӏибадат а дойтуш. 32Делан весеташна дуьхьалбевлларш мекарлонца шена тӀеозор бу цо. Амма шайн Далла тешаме болчара цунна чӀогӀа дуьхьало йийр ю. 33Халкъана юкъарчу кхетам болчара, шаьш туьрах а, цӀерах а, йийсарх а, талорех а цхьайолчу ханна бала хьоьгур белахь а, дукхахберш кхетор бу. 34Шаьш бала хьоьгучу хенахь царна жимма гӀо хир ду, тӀаккха дукхахберш царах дӀауьйр бу, амма доггах хир дац иза. 35Цхьаболчу хьекъал долчу наха, шаьш бахчабалархьама, цӀанбархьама, кӀайбархьама, баланаш хьоьгур бу чаккхенан хан тӀекхаччалц, хӀунда аьлча билгалъяьккхина хан хӀинца а хир йолуш ю.

36 fЦу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тӀехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгӀазло хиллалц иза тоьлур ву, хӀунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду. 37Шен ден деланаш цунна дагабогӀур бац. Цо лорур вац зударша лоруш волу дела а, я муьлхха а кхиволу дела а, ша массарел а лакхавоккхур волу дела. 38Бакъволчу Делан метта гӀепийн далла Ӏамал йийр ю цо. Цкъа а шен дайшна вевзина воцучу цу делан сий дийр ду цо дешица, детица, дезачу тӀулгашца, тайп-тайпана механа езачу хӀуманашца. 39Иштта шен дайша ца лоручу делаца хьалагӀоттур ву иза уггар чӀогӀачу гӀепашна дуьхьал. И дела тӀеэцначеран кхин а алссам сий дийр ду цо, цаьрга дукха нахана тӀехь олалла а дойтур ду, царна совгӀатна латта а доькъур ду.

40ТӀаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гӀудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тӀетатталур ву цунна. ТӀаккха, дистина догӀу хи санна, мехкашна тӀе а кхетта, царна тӀехула чекхвер ву иза. 41ТӀаккха мехкашна юкъара а къаьсттина хаза болчу махкана чу вер ву иза. Эзарнаш хӀаллакьхир бу. Эдом-мохк, Муаби-мохк, Ӏамминхойн коьрта дакъа а бен, цуьнан кара ца доьдуш дуьсур дац. 42Тайп-тайпанарчу мехкашна тӀе а куьг кховдор ду цо. КӀелхьарбер бац Мисар-мохк а. 43Мисар-мехкан дашо а, дато а, механа еза йолчу хӀуманийн хазна а шен дола йоккхур ю цо. Лива-мехкан бахархой а, хушахой а цунна тӀаьхьахӀуьттур бу. 44Амма малхбалехьара а, къилбаседехьара а схьахезачу хабарша цуьнан синтем бойур бу. ТӀаккха шен нуьцкъалчу дераллица дуккха а адамаш дайа а, хӀаллакдан а аравер ву иза. 45ХӀордана а, уггар хазачу а, безачу а ламанна а юкъахь
ХӀордана а... ламанна а юкъахь – я иштта: Шина хӀордана юкъахь... ломана уллохь.
шен паччахьаллин четарш дӀасадаржор ду цо. Амма шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву иза, цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац».
Copyright information for CheCAC2012