‏ Daniel 12

Чаккхенан зама

1 a«Оцу хенахь хьан халкъ Ӏалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТӀаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хӀокху ханна тӀекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогӀур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тӀе дӀаязбина карор берш кӀелхьарбевр бу. 2 bТӀаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила. 3Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тӀе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а.

4 cТкъа ахьа, Даниала, хӀара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тӀеяллалц кху тептарна мухӀар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тӀаккха хаарш алсамдевр ду».

5Цул тӀаьхьа со, Даниал, дӀахьаьжира: кхин шиъ а вара лаьтташ, цхьаъ хин хӀокху йистехь, важа – вукху йистехь. 6Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тӀехь лаьтташ волчу стаге
...волчу стаге – я иштта: ...долчу малике.
хаьттира: «Маца хир ю оцу инзаречу хиндолчийн чаккхе?» – аьлла.
7 eТӀаккха гатанан духарца хиш тӀехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а
Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а – схьахетарехь, и ду: кхо шой, ах шой.
, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хӀара дерриг а чекхдер ду».

8Суна хезира иза, амма со ца кхийтира, цундела ас хаьттира: «Сан эла! Цу дерригенан а чаккхе муха хир ю те?» – аьлла.

9«ДӀавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина ду и дешнаш, – элира цо. – 10 gДукхахберш цӀанлур бу, кӀайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Ӏесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу.

11 hСагӀа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттийначул тӀаьхьа цхьа эзар ши бӀе дезткъе итт де дер ду. 12Декъала ву цхьа эзар кхо бӀе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгӀна, оцу хене кхочун верг.

13Ткъа хьо чаккхенна тӀегӀо, вала а велла, гӀоттур ву хьо денойн чаккхенгахь хьайна догӀург схьаэца».
Copyright information for CheCAC2012