Daniel 2
Набухди-Нецарна гина гӀан
1Набухди-Нецара паччахьалла дечу шолгӀачу шарахь цунна гора гӀенаш. Уьш бахьана долуш синтем боцуш а, наб яйна а вара иза. 2Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гӀенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дӀахӀиттира. 3ТӀаккха паччахьо элира цаьрга: «Суна гӀан гина. Сан сагатделла. Сайн гӀенах кхета лаьа суна». 4Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь ▼▼ХӀара тептар кхузара дӀа ворхӀалгӀа корта чекхбаллалц яздина дара арамхойн маттахь.
элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гӀан, тӀаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьӀна». 5Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чӀагӀо йина, нагахь санна аша сан гӀан а, цуьнан маьӀна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цӀенойх саьлнаш йита а. 6Нагахь санна аша сан гӀан а, цуьнан маьӀна а дийцахь, соьгара совгӀаташ а, сийлахь-боккха ларам а хир бу шуна. Дийца хӀинца сан гӀан а, цуьнан маьӀна а». 7ШолгӀа а цара дийхира паччахье: «Дийцахьа, паччахь, хьайн лешка хьайна гина гӀан, тӀаккха туьдур ду оха цуьнан маьӀна». 8Паччахьо элира, жоп луш: «Билггала хаьа суна, ас чӀагӀо йинийла хууш, шу хан ялийта гӀертий. 9Сан гӀан аша соьга ца дийцахь, шуна массарна а цхьатерра таӀзар дийр ду. Шу дохку соьга, хан а ялийтина, доцург дийца а, аьшпаш ботта а. Дийца сан гӀан, тӀаккха хуур ду суна цуьнан маьӀна шуна хаьа я ца хаьа». 10Седа-жайна хьовсучара элира паччахье: «Дац-кх хӀокху лаьтта тӀехь цхьа а адам и гӀуллакх паччахье дийцалур долуш, цундела цхьана а сийлахь а, нуьцкъала а волчу паччахьо и саннарг тӀедожийна дацара цхьана а бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а. 11Ша деланаш боцучарна, цхьанна а хуур доцуш, тӀех хала ду паччахьо тӀедожийна и гӀуллакх. Ткъа уьш кху лаьтта тӀехь бехаш бац». 12И хезча, чуьравелира паччахь, чӀогӀа оьгӀазвахара иза. ТӀаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хӀаллакбе аьлла. 13Хьекъале нах хӀаллакбе аьлла, и омра дича, Даниал а, цуьнан накъостий а лийхира, уьш хӀаллакбархьама. Дала Даниална гӀенан маьӀна довзуьйту
14И хьекъале нах байар паччахьан гӀаролан коьртачу хьаькамна Ариханна тӀедиллина дара. Цуьнга оьзда а, хьекъале а къамел дира Даниала. 15Цо хаьттира Арихане: «Паччахьера иштта буьрса омра хӀунда даьлла те?» – аьлла. Арихана и гӀуллакх ма-дарра дийцира Даниале. 16ТӀаккха, ваха а вахана, Даниала паччахье дийхира шена хан ялар, цу гӀенан маьӀна паччахьна довзийтархьама. 17Шен цӀа а веана, Даниала шен накъосташка Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а и гӀуллакх дӀадийцира. 18Ша а, шен накъостий а кхечу бавелхойн хьекъалалла долчаьрца хӀаллак ца байтархьама, Даниала шен накъосташка дийхира стигалшкарчу Деле доӀанаш дар, Шен къинхетамца а, дикаллица а Цуьнга паччахьан гӀенан къайле шайна йовзийтар доьхуш. 19ТӀаккха, буса дуьхьал сурт а хӀоьттина, дӀаеллаелира и къайле Даниална. Стигалшкара Дела хаставира Даниала: 20«Хастам бу Хьуна, Дела, азалера абаделлалц,кхетам а, ницкъ а Хьоьгахь болу дела!
21Ахь хуьйцу-кх хенаш а, заманаш а,
дӀа а боху, хӀитта а бо паччахьаш.
Ахь кхетам болчарна кхетамалла ло,
хьекъал долчарна хьекъалалла ло.
22Ахь дӀайоьллу кӀорггера къайленаш,
хаьа Хьуна боданехь дерг,
серло а Хьоьца еха.
23Ас хеставо Хьо, ваз а во Хьо, сан дайн Дела,
Ахь хьекъал а, ницкъ а суна делла дела.
Оха Хьайга дехнарг суна дели Ахь,
паччахьан гӀуллакх а довзийти Ахь тхуна».
Паччахьна шен гӀан довзийтар
24Цул тӀаьхьа, паччахьо бавелхойн хьекъалалла дерш хӀаллакбар тӀедожийна волчу Ариханна тӀе а вахана, Даниала дийхира, и бавелхойн хьекъале нах хӀаллак а ца беш, ша паччахьна тӀе вигахь, тӀаккха ша дӀадуьйцур ду цу гӀенан маьӀна аьлла. 25Арихана, сихха Даниал паччахьна тӀе а вигна, элира: «Йийсарехь болчу ЯхӀуд-махкарчу кӀенташна юкъахь цхьа стаг карийна суна, паччахьна цуьнан гӀенан маьӀна дуьйцур долуш волу». 26Паччахьо, Бел-Ташацар аьлла, цӀе тиллина волчу Даниале хаьттира: «Дийцалур дуй хьоьга суна гина гӀан а, цуьнан маьӀна а?» 27Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а. 28Амма ву стигалшкахь къайленаш дӀайоьллуш волу Дела. Цо дӀадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тӀаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дӀавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гӀан а, сурт а иштта дара: 29ДӀавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХӀун хир ду те хӀинцачул тӀаьхьа?“– бохуш. И къайленаш дӀайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира. 30Лаьтта тӀехь бехаш болчарна юкъахь массарел а кхетам болуш со ву аьлла, дӀаеллаелла яц суна и къайле, иза ду хьуна, паччахьна, хаийтархьама хӀун ойланаш йоллу хьан даг чохь. 31Хьуна, паччахь, иштта сурт хӀоьттинера: лаьтташ дара тайп-тайпанчу гӀирсех дина цхьа доккха сурт. Инзаре доккха дара иза. Исбаьхьа лепаш лаьттара и хьуна хьалха. Кхераме дара цуьнан васт. 32Цу суьртан корта бара цӀеначу деших бина. Цуьнан накха а, цуьнан куьйгаш а детих дина дара. Цуьнан гай а, гӀогӀаш а цӀестан дара. 33Цуьнан настарш аьчках йина яра, ткъа когийн цхьадолу дакъош аьчках, важа дакъош поппарх дина дара. 34Хьо хьоьжуш лаьтташехь, цхьа тӀулг, ломах ша дӀакъастийча, чухецабелира. Цу суьртан аьчках а, поппарх а бинчу когашна тӀе а боьжна, уьш бохийра цо. 35ТӀаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цӀаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цӀу вохийна болчу тӀулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш. 36ХӀара ду-кх и гӀан! Дуьйцур вай паччахьна цуьнан маьӀна а. 37Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу. 38Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тӀехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву! 39Хьол тӀаьхьа кхоллалур ю кхин пачхьалкх, кхул оьшуш а йолуш, тӀаккха кхин а кхоалгӀа пачхьалкх хир ю, цӀестаниг. Цо дерриге а лаьтта тӀехь олалла дийр ду. 40Ткъа йоьалгӀа пачхьалкх хир ю, эчиг санна, чӀогӀа. Эчиго массо а хӀума йохаяре а, атаре а терра, иштта и пачхьалкх а хир ю, массо а хӀума хӀаллакдеш долу эчиг санна, ерриг а хьалхалера пачхьалкхаш отуш, йохош. 41Ткъа хьуна гина болу когаш а, когийн пӀелгаш а, цхьа дакъа кхийрачу поппарх, важа дакъа эчигах лаьтташ долу, – иза хир ю екъаелла пачхьалкх. Цуьнца жимма эчиган чӀагӀо хир ю, хӀунда аьлча хьуна гира эчиг кхийран поппарх эделла. 42Когийн пӀелгаш эдинчу эчигах а, поппарх а дина хиларе терра, иштта и пачхьалкх а хир ю цхьайолу меттигаш чӀогӀа йолуш, вуьш экам йолуш. 43Ткъа хьуна гина долу, кхийран поппарца эдина долу эчиг иза – оцу пачхьалкхийн урхалчаш адаман хӀуьнца, вовшашлахь захалонаш деш, элур бу бохург ду. Амма эчиг а, поппар а цхьаьна ца эдаларе терра, и пачхьалкхаш цхьаьнакхетар яц. 44Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дӀайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. 45ХӀунда аьлча и тӀулг, хьуна ма-гарра, лам тӀера дӀакъастийра, амма иза адаман куьйго дина дацара. Ткъа оцу тӀулго, цу суьртана тӀе а керчина, эчиг а, цӀаста а, поппар а, дети а, деши а аьтта дӀадаьккхира. Сийлахь Воккхачу Дала хаам бина паччахьна хиндолчух лаьцна. И гӀан а бакъ ду, иштта нийса ду цуьнан маьӀна а».Даниална совгӀат далар
46ТӀаккха Набухди-Нецар, Даниал ваз а вина, цунна суждане вахара. Цунна сагӀанаш даха а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягае а аьлла, омра дира цо. 47Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хӀунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». 48ТӀаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгӀаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тӀехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тӀехь а коьрта хьаькам хӀоттийра цо иза. 49Цул сов, Даниала шега дехар дича, паччахьо Бавел-мехкан гӀуллакхаш дан Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а хӀоттийра, ткъа Даниал паччахьан кертахь висира.
Copyright information for
CheCAC2012