‏ Daniel 3

Набухди-Нецаран омра

1Набухди-Нецар-паччахьо деших цхьа сурт дайтира, лакхалла кхузткъа дол барам болуш, ткъа шоралла ялх дол барам болуш. Цо иза дӀахӀоттийра Бавел-махкара Дура олучу шерачу арахь. 2ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо схьакхайкхира тхьамданаш, мехкадай, куьйгалхой, коьрта кхелахой, хазна Ӏалашйийраш, бакъонаш лелораш, кхелан нийсо ларйийраш, иштта кхин болу мехкан хьаькамаш а, и дайтина сурт даздеш, дӀаделларна хӀоттийначу дезачу дийнахь схьадуьйла аьлла. 3Тхьамданаш а, мехкадай а, юьртдай а, коьрта кхелахой а, хазна Ӏалашйийраш а, бакъонаш лелораш а, кхелан нийсо ларйийраш а, кхин болу мехкан хьаькамаш а Набухди-Нецар-паччахьо хьалахӀоттийна долу сурт гучудаккхар даздан схьагулбелира. Набухди-Нецар-паччахьо хьалахӀоттийначу суьртана хьалха дӀахӀиттира уьш. 4ТӀаккха туркхо зевне мохь туьйхира: «Хаам бо шуьга, массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болу нах! 5Нагахь маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн иштта кхин массо а тайпана эшарийн гӀирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де Набухди-Нецар-паччахьо дӀахӀоттийначу дашочу суьртана. 6Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цӀе летта йогучу пеша кхуссур ву». 7Цундела, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, кхин массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз хезча, массо а мехкийн, халкъийн, меттанийн а болчу наха, охьа а эгна, Набухди-Нецар-паччахьо дӀахӀоттийначу дашочу суьртана сужда дира.

МуьтӀахь ца хиларна бехкебар

8Оцу хенахь цхьаболу седа-жайна хьовсучара яхӀудхой бахьана долуш, бахка а баьхкина, паччахье мотт туьйхира. 9Цара Набухди-Нецар-паччахье элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! 10Ахь омра динера, хӀора адам шена маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн, кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де деших динчу суьртана аьлла. 11Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг цӀиййиначу пеша кхосса аьлла. 12Амма ахь Бавел-махка тӀехь гӀуллакх дан хӀоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а цӀе йолу яхӀудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дӀахӀоттийначу деших динчу суьртана Ӏибадат а ца до цара».

13ТӀаккха Набухди-Нецара, ша луьра дарвеллачохь, тӀедожийра Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а шена тӀевалор. И нах паччахьна тӀебалийра. 14Набухди-Нецара хаьттира цаьрга: «Бакъ дуй, Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага, аша сан деланаш ца ларар а, ас дӀахӀоттийначу суьртана Ӏибадат ца дар а? 15Нагахь санна хӀинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дӀахӀоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Ӏибадат ца дахь, цу сохьта цӀиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТӀаккха муьлхачу дала кӀелхьардохур ду шу сан куьйгах?»

16Шадрака а, Мешака а, Ӏабди-Нагас а жоп делира Набухди-Нецар-паччахье: «Цунах лаьцна хьоьга жоп дала оьшуш меттиг бац тхан. 17Нагахь санна тхо цӀийина йогучу пеша кхийсахь а, оха Ӏибадат деш волу Дела ницкъ болуш ву тхо цунах кӀелхьардаха. Хьан куьйгах а, ва паччахь, кӀелхьардохур ду Цо тхо. 18Нагахь санна Цо и ца дахь а, хаа ду хьуна, ва паччахь, хьан деланаш оха лорург цахилар а, ахь дӀахӀоттийначу дашо суьртана корта беттарг цахилар а».

Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а пеша чу кхоссар

19И хезча, оьгӀазаллех вуьзира Набухди-Нецар. Шадраке а, Мешаке а, Ӏабди-Наге а хьаьжча, ойла хийцаелира цуьнан. ТӀаккха хӀинццалц чул ворхӀазза чӀогӀа пеш латае аьлла, омра дира цо. 20Шен эскарера уггаре а онда болчу къонахошна тӀедожийра паччахьо Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а, дӀа а вихкина, цӀиййиначу пеша кхоссар. 21Цул тӀаьхьа уьш, дӀа а бихкина, чухулара а, тӀехулара а бедаршца а, коьртарчу хӀуманашца а, церан кхин йолу тӀерачу хӀуманашца а цӀе летта йогучу пеша кхиссира. 22Паччахьо дина и омра чӀогӀа а хилла, пеш сов тӀех цӀиййина хилар бахьана долуш, цӀеран алуно багийна байира Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а пеша чу кхиссина болу нах. 23Ткъа хӀара кхо стаг, Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а, вихкина а волуш, цӀе летта йогучу пеша вуьйжира.

Кхо доттагӀ кӀелхьарваккхар

24Жимма хан яьлча, пеша хьоьжучу Набухди-Нецара, инзар а ваьлла, сихха хьала а иккхина, шена гонах болчу элашка хаьттира: «Кхо стаг вацара вай вихкина цӀерга кхоьссинарг?» – аьлла.

Цара жоп делира паччахье: «ЦӀена бакъ ду-кх иза, паччахь!» – аьлла.

25Цара аьллачунна дуьхьал паччахьо элира: «ХӀан-хӀан, вихкина воцу виъ стаг го суна цу чохь цӀарна юккъехула лелаш, цхьа а тайпана зен ца хилла царна, ткъа воьалгӀачун васт маликачух
Маликачух – я иштта: «деланийн кӀантах», я: «Делан кӀантах».
тера ду».

Кхо доттагӀ даржехь лакхаваккхар

26Йогучу пешан кевне а вахана, Набухди-Нецара элира: «Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага, Веза Воккхачу Делан леш, арадовла, схьадуьйла!» ТӀаккха Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а цӀеран юккъера арабевлира. 27Схьагулбеллачу тхьамданашна а, мехкадайшна а, куьйгалхошна а, паччахьна гонах болчу элашна а гира хӀокху нехан догӀмашна тӀехь и цӀе ницкъ болуш ца хилар. Коьртара месаш а ца ягийнера, тӀера бедарш а хийца ца еллера, ур-атталла цӀеран хьожа-м яцара царех йогӀуш.

28ТӀаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Ӏабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Ӏибадат а ца дина, шайн догӀмаш цӀерга тесна болу хӀорш кӀелхьарбаьхна Цо.

29Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Ӏабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цӀа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кӀелхьарваккхалур воцу дела».

30Цул тӀаьхьа Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а паччахьо Бавел-махкахь даржехь лакхабехира.

Набухди-Нецаран шолгӀа гӀан

31«ХӀара Набухди-Нецар-паччахьера кехат ду дерриге а лаьтта тӀехь дехаш долчу муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а нахе.

Шу маьрша Ӏойла!
32Лаьа суна Веза Воккхачу Дала сайна тӀехь гайтина долу инзаре гӀуллакхаш а, Ӏаламаташ а шуна дӀахаийта. Ма даккхий ду Цо гойту Ӏаламаташ,
ма нуьцкъала ду Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш!
Цуьнан пачхьалкх абаден пачхьалкх ю.
Цуьнан олалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.
33

Copyright information for CheCAC2012